ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинна хьеставаларна Трампана критика йина Обамас


Путин Владимирах воккхавевеш дIахьедарш дарна Трамп Доналдана вуно луьра критика йина Iамеркин президенто Обама Барака Шинарин дийнахь. Клинтон ХIилларина гIортор еш хиллачу митингехь къамел деш, Обамас элира, Путинна хьесталуш даханчу кIиранах вайн тIеман ницкъашна луьш вара Трамп Оьрсийчоьнан телевизионехула аьлла.

Президента Обамас элира, хьалха Республикан парти даиман а дуьхьал хуьлуш яра авторитаризмана, ткъа тахана цу партин кандидат «иза чIогIа лидер ву бохуш хестош ву кхечу пачхьалкхашна тIелетарш деш а, шен оппоненташ набахташна чукхуьссуш а, пресса шен буйна лаьцна, экономика еххачу ханна рецессина юкъаийзош волу стаг». ТIаккха тIетуьйхира:

Обама Барак: "Сан сай дезна Путинца а, Оьрсийчоьнца а болх бан. Иза арахьарчу политикан дакъа ду. Амма сан олийла дац иза пайда эца оьшуш долу масалла ду. Ойла яйша, муха хир дара Рейган Рональда цу тайпа стаг вазвеш хилча".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG