ТIекхочийла долу линкаш

Добассехь 2014-чу шеран Охан-баттахь тIеман конфликт йолаелчхьана 9640 стаг вийна, 22 500 гергга стаг шевнаш хилла ву. Цу тайпа терахьаш далийна Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Украинехь йолчу адамийн бакъонашкахула мониторинг ечу миссино. Шайн дIахьедар дина цу миссин декъашхоша Гезгмашин 15-чу дийнахь.

Цу документана тIехь буьйцурш бу шина агIор тIемашкахь байина герзхой а, маьрша бахархой а. Цул сов, билгалдоккхуш ду, Гезгмашин-беттан I-чу дийнахь дуьйна герзаш деттар сацош барт бинехь а, агIонаш дуьхь-духьал лаьттачу меттигашкара хьал вуно чолхе хилар а, мичча хенахь а юха а тIемаш буьйлабала мегаш хилар а.

Донбассехь тIом иккхира 2014-чу шарахь бIаьста Оьрсийчоьно Украинин ГIирма дIалаьцначул тIаьхьа. Киево а, Малхбузера пачхьалкхаша а бехке еш ю Оьрсийчоь герз а карахь Украинина дуьхьал бевллачу сепаратисташна гIортор ярна.

XS
SM
MD
LG