ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Панфилова Эллин лаам бу цIена харжамаш дIабахьа


Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан Коьртачу харжамийн комиссин куьйгалхо Памфилова Элла, Москох, Гезгмашин-бутт, 15, 2016
Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан Коьртачу харжамийн комиссин куьйгалхо Памфилова Элла, Москох, Гезгмашин-бутт, 15, 2016

Оьрсийчоьнан Коьртачу харжамийн комиссин куьйгалхочо Памфилова Эллас дIахьедар дина, ша балхара дIаера ю, нагахь тIебогIу Пачхьалкхан Думан харжамаш харцонца дIабахьахь аьлла. Журналисташа деллачу хаттаршна жоп луш, Памфиловас билгалдаьккхира ша мосуьйттоза балхара дIаяьлла хилар шена хетачуьнца догIуш доцу хIума шен лелон дезаш меттиг нисйелча.

Коьртачу харжамийн комиссин коьрте хIоьттина Памфилова Зазадоккху-бутт чекхболуш. Цул хьалха цу даржехь вара Чуров Владимир. И стаг дуккхазза а бехке веш вара Оьрсийчохь харжамийн жамIашца бозбунчаллаш лелорна.

VII Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан харжамаш хир бу кху Гезгмашин-беттан 18-чу дийнахь. 225 депутат хоржур ву партеша хьалхатеттинчу кандидаташна юкъахь. Кхин а 225 депутат хоржур ву цхьанамандатан харжамийн гонашкахь. Харжамашкахь дакъалоцуш ю 14 парти.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG