ТIекхочийла долу линкаш

Торшин, "Патриот"...хIун ду-те билггал хилларг?


Торшин Юрий, Висмурадов Абузайд. Инстаграмера схьаэцначу суьртийн коллаж.

Торшин Юрий, Висмурадов Абузайд. Инстаграмера схьаэцначу суьртийн коллаж.

Кху деношкахь Ноьвр-кIоштахь «Ахьмад» спортан тобано дIахьочу хахкадаларехь некъан хьовзам хилла кхелхина Нохчийчоьнан куьйгалхочун хьехамча Торшин Юрий, чевнаш йина дарбан цIийнехь ву Кадыров Рамзанан гIаролхо Висмурадов Абузайд

Нохчийчохь хиллачу некъан бохамехь вийна «Альфа» олучу лерринчу тобанан куьйгаллехь лаьттина республикан куьйгалхочун хьехамча Торшин Юрий.

Harley-Davidson олу мотицикл хаьхкина воьду Торшин, мотоцикл харцаран бахьанашца велла аьлла хаам баржийра Инстаграмерчу шен агIонтIехь боксан латархочо Бикбулатов Мохьмада.

Кеп –кепарчу зорбан хьосташа хаамаш баржийра оцу некъан хьовзамехь Торшин велла, ткъа Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIаролхо, полицин полковник Висмурадов Абузайд лазийна дарбан цIийне кхачийна аьлла.

Официалехь оцу некъахь хиллачух информаци янне яц Iорайоккхуш.

Гиначара иштта вовшахтосу бохаман сурт.

Соьлж-ГIаларчу «Буьйсанан берзалой» мотоклубо «Ахьмад» олучу латархойн тобанца цхьана Ноьвр-кIоштахь вовшахтоьхначу хахкадаларшкахь дакъалоцучу Торшинан мотоцикл цунна хьалха йоьдучу мотоциклах кхетта, хаьрцина.

Кхаа чкъургатIерачу мотоциклтIехь Торшинна тIахьа вогIучу Висмурадов Абузайдан аьтто ца нисбелла шен аьчган говр сацо, иза тIехьашхула тIе а кхеташ тIехула ваьлла Торшин Юрийна.

Иштта цу ъьовзамехь куьйг кагдина спортхочун Бибулатов Мохьмадан.

Шен Кадыровн гIаролхо волу Висмурадов Абузайд болчу хаамашца коьртана операци йина дарбан цIийнехь вочу хьолехь ву.

ТIейогIучу хенахь Москох кхачо йоллу дарба дан вуьгур ву аьлла, хаамбина махкарчу могушаллин министраллин векало.

Социалан машанашкахь кеп-кепара хетарг дуьйцу оцу некъан хьовзамах. Инстаграмехь Патриотан суьрташ шайн пенатIе ухкуш, цуьнах дог лозуш, маршалла хила лаарца хаамаш буьту цхьаболучара.

Вукхара, нагахь санна цуьнан куьйгаш цIийх дуьзна дацахь гIоле хуьлийла олу…

Кху карарчу хенахь я некъан низам лардечу урхаллин, я чоьхьарчу гIуллакхийн я орцан министраллаша цхьа а тайпа хаамаш беш бац шайн сайташтIехь я телефонна жоп луш а дац. Доккхачу декъанна яьржина информаци шаьш байкерша Iораяьккхина.

Маршо Радио а гIоьртира Нохчийчуьрчу куьйгалхочун пресс секретарца Керимов Iалвица зIене яла, амма тахана шен белхан меттехь вац иза, шаьш цхьана а кепара гунахь дац шун хеттаршна жоьпаш дала аьлл, телефон охьайиллира ас къамел динчу администрацин белхахочо.

Бакъду Кадыров Рамзана шен Инстаграмерчу пентIе тоьхна ша дарбан цIийне Патриотна тIехIотта вахча даьккхина сурт.

Бухахь яздина: «Цунна яккхий чевнаш хилла. Хала ду оцу хьолехь Абузайд ган. Хуьл-хуьлуш гIоле хуьлуш ю. Лоьраша кхерамечу хьолехь вац боху. Иза ду коьртаниг».

Масех шо хьалха а Iиллира Висмурадов Абузайд дарбан цIийнехь, Соьлж-ГIалара Гуьмсе боьдучу новкъахь тIетаIIийна хаьхкинчу шен машенца дуьхьалйогIучуьнца тIеттIа а кхетта.

Вукху машенчохь хилларг велира, ткъа Висмурадов вехха латтийра лазартнехь лоьраша дарба деш.

XS
SM
MD
LG