ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евробертан саммит йолаелла Братиславехь


Словаки -- Евробертан лидерш Братиславерчу саммитехь. Гезг. 16.2016
Словаки -- Евробертан лидерш Братиславерчу саммитехь. Гезг. 16.2016

Европан барт вуно вочу хьолехь бу аьлла, дIахьедар дина Германин канцлеро Меркел Ангелас Братиславехь йолаеллачу формалан йоцучу Евробертан декъашхойн саммитехь. Цо дийцарехь, Европерчу пачхьалкхаша гайта деза шаьш кху континентана тIехь кхерамазалла чагIъян а, экономикехь а, шаьш Iалашъярехь цхьаьнакъахьега а ницкъ болуш хилар.

Францин президенто Олланд Франсуас дIахьедар дина, Европан Барто некъан карта тIеэца деза, Евробертан бахархойн цхьаьнкхеттачу Европе хилла тешам юхаберзо.

Таханлерчу денна Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхашна юкъахь цакхетамаш буьсуш бу экономика кхиорах а, эзарнаш схьаоьхучу мигранташна хIун дан деза бохучунах а боьзна болу. Братиславерчу саммитехь Евробертан лидерш дагахь бац цхьа а сацамаш бан а, документаш тIеэца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG