ТIекхочийла долу линкаш

Шулц Мартин: Трамп дерриг дуьнена масштабан проблема ю


Франци -- Европарламентан куьйгалхо Шулц Мартин. 2016.

Франци -- Европарламентан куьйгалхо Шулц Мартин. 2016.

Европарламентан куьйгалхочо Шулц Мартина дIахьедар дина Республикан партин кандидат санна Iамеркин президентан харжамашкахь дакъалоцуш волу Трамп Доналд дерриг дуьненан масштаб йолу проблема ю аьлла.

Spiegel журналана интервью луш Шулца элира, Трапм жоьпалла доцу стаг ву аьалла. И интервью зорбане яьлла Еарин дийнахь. Европарламентан куьйгалхочунна хетарехь, Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь президентан харжамашкахь Трампа толам баккхахь, миллиардеро халонаш кхуллу ю дурриг а дуьненна, ша аьлча Европина.

Шулцана хетарехь, Европера пачхьалкхаш чекхйолуш ю историн маьIаргонах. ТIаьххара болчу хаамашца, Трампан Демократин партин цIарах йолчу оппонентан Клинтон ХIилларин рейтиг охьайолуш ю.

Карарчу хенахь царшинна шинне а цхьатерра шансаш ю толам баккха. Президентан харжамаш хир бу Iамеркехь Лахьан-беттан 8-чу дийнахь.

XS
SM
MD
LG