ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Братиславехь дIайирзина Евробертан саммит


Словаки -- Журналисташна хьалха йистхуьлуш ю Германин канцлер Меркел Ангела, Гезг. 16, 2016
Словаки -- Журналисташна хьалха йистхуьлуш ю Германин канцлер Меркел Ангела, Гезг. 16, 2016

Словакин коьртачу гIалахь Братиславехь вовшахкхетта хиллачу Евробертан саммито ПIераскана сарахь дIаберзийна шен болх. Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхийн куьйгалхойн барт хилла ах шо далале терроризмаца а, мигрантийн кризисца а къийсам дIабахьа план хIотто.

Германин канцлеро Меркел Ангелас элира Европан барт вуно вочу хьолехь бу аьлла. Францин президенто Олланд Франсуас дIахьедар дира Евробарто некъан карта хIотто деза бахархойн Цхьаьнакхеттачу Европе хилла тешам юхаберзор Iалашонца аьлла.

Саммитехь дакъалоцуш яра Евробертан 27 пачхьалкх. И цхьаьнакхетар хилира Британин векал цигахь дакъалоцуш а воцуш. Цундела цу саммитана официалан кепара цIе тиллинера «формалан доцу цхьаьнакхетар» аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG