ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пачхьалкхан Думан харжамаш хилла Оьрсийчохь


Оьрсийчоь -- Парламентан харжамашкахь кхажтосуш ву Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир, Гезг. 18, 2016
Оьрсийчоь -- Парламентан харжамашкахь кхажтосуш ву Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир, Гезг. 18, 2016

Пачхьалкхан Думан харжамш хилла тахана КIиранддийнахь Оьрсийчохь. Оьрсийчоьнан президенто Iуналла дечу адамийн бакъонаiкахула йолчу кхеташоно (СПЧ) хаам бина кхаж тосуш харцонаш лелийна аьлла латкъамаш кхаьчна тайп-тайпанчу регионашкара аьлла.

Царна юкъахь ю Москохан а, Ленинградан а областаш а, Краснодаран край а, Астрахан а. Харжамашкахь тайп-тайпана бозбунчаллаш лелорах лаьцна хаам бо бозуш боцучу тергамхоша а.

VII Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан харжамашкахь хаьржина 225 депутат партеша хьалхатеттинчу кандидаташна юкъахь. Кхин а 225 депутат хаьржина цхьанамандатан харжамийн гонашкахь.

Харжамашкахь дакъалоцуш яра 14 парти.

Нохчийчохь хоржуш вара республикан куьйгалхо а. И дарж къовсуш вара Кадыров Рамзан кхин а 3 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG