ТIекхочийла долу линкаш

КIирандийнахь дIабаьхьначу харжамашкахь Нохчийчоьнан ханна урхалла дечу Кадыров Рамзана 97 % кхаьжнаш гулдина. Оьрсийчоьнан харжамийн комиссино Iорадаьхна и терахьаш. Мехкан куьйгалле хоржучарлахь хиллачу «Нийсонан Оьрсийчоь», «Кхиаман» парийн кандидаташна 2 % кхаьжнаш а ца кхаьчна.

Болчу хаамашца, харжамашкахь дакъалаьцна 83% наха, Нохчийчохь адамийн бакъонийн тергоечу Нухажиев Нурдис чIагIдарца, цхьана а кепара я къепе йохор, я низамаш талхор билгал ца даьлла харжамашкахь.

XS
SM
MD
LG