ТIекхочийла долу линкаш

Дагалацаме, шатайпа дIадирзина Нохчийчохь мехкадай а, депутаташ а харжар. БIеннашкахь багарло цу дийнахь зударий балийнарш а, маре ихнарш а. Цунна бахьана хилла, официалан а доцуш, цхьа къайлах-къулах санна, керла кхоллабеллачу доьзална Iедало цхьацца миллион ахча лур ду аьлла, юкъараллехь даржийна хабар.

Гуттар санна тийна-таьIIа, цхьа наг-наггахь, кегий а, яккхий а тобанашкахь Iедалан белхой тIе а узуш, оцу минотехь сихдинна суьрташ а дохуш, кхиамца дIайирзина махкахь рогIера политикан кампани.

Бакъду цига, харжамийн таппашка, кхача саготта цахилларш чот йоцуш дукха бу.

Царалахь цхьаъ ву Новр кIоштера 59 шарера Мусбек.

Кху гезгамашин 18-чу дийнахь ша харжамашка цавахар цо ишта кхетийра.

Цунна моттарехь хьалххе дуьйна а хууш ду Оьрсийчохь дIахьучу харжамийн чаккхенан жамI. Мусбек ву шен ойла йовзуьйтуш

Мусбек: «Вахча а, ца вахча а нисдала хIума доцу дела ца вахна-кх со харжамашка. ДIа Малхбалера дуьйна схьа дIахьуш болу харжамаш харцонна бух тIехь бу. Церан чаккхе муха хир ю тоххара дуьйна адамашна хууш ду.

Оьрсийчохь 47% харжамхой баьхкина кхаж таса бохург бакъ мА дац. Уггар тIех 10% бахархой баханехь кхин ца бахна харжамашка. Iедалехь йоллу партеш чекхъевлла.Суна а, нахана а хетарехь, и харжамаш цIена хиллехь Думе Яблоко парти кхочур яра уггар хьалха".

Чекхбевллачу харжамашца бозабелла баккхий хиламаш тергалбелла Нохчийчохь. Кхузахь кар-кара а оьцуш, вуно шуьйра дийцаре деш дара, мехкада а, парламент а хоржучу дийнахь зуда ялийначунна 500 эзар лой, миллион лой боху хабарш.

Дийцарал сов молланаша а, юртдайша а зуда ялош берш, кIира хьалха дуьйна дIаязбина масалш а ду дуккха а.

Масала, Теркйист кIоштан Лаха-Неврехь кхаьжнаш туьйсучу дийнахь, халкъалахь олуш ма-хиллара гучуяьккхина 12-13 зуда.

Ялийнарш, наха дийцарехь, кхин а дукха бу, амма юьртахойн аьттонна уьш гучубахар тIаьхьатеттина. Цу хьокъехь, новрхошна хиллачу тешнабехках дуьйцуш ву цигара къано Мовсар.

Мовсар: «Тхан юьртахь къаьхьде дара. Суна хууш 12-13 ю зуда ялийна меттигаш. Ахча лур ду бохург а хIинца дIадаьлла, бакъ дац боху. Испискаш а хIиттинера. Адам теша а тешнера, бакълена ахча делла даьлла моьттуш. Зударий стенна балабойту ахча лур ца хилча? Ловзарш ду-кх! Политика ю-кх! Тхан юьртахь ткъех стаг вар-кх зуда ялийна и цхьаъ ду моьттуш…»

Бегашена а доцуш ахча ло бохучу хабарх Iехабелларш дукха бу. Ламанца йолчу ярташкахь долчух ала хаац, охьарчу эвланашкахь наггахь юрт а яцара шиъ а, кхоъ а, диъ а барамаш листаза.

Ишта цхьа нускал луьстучохь дина хIара къамелаш.

Вахархо: «Ахча ло бохуш зуда ялийнарг 1000 стаг бен ца хилча а 500 миллион ахча мА ду иза.Цара мичара лур ду оццул ахча.Лур дац дера!»

Iедалехь болчара ахчанан хьокъехь долийна и хабарш бахьнехь дукха нахана хьовзам баьлла лоручех ю Теркйист кIоштан цхьана юьртара Маруса.

Маруса: «Миллионаш лур ду бохуш нах дIа а язбеш, лелаш цхьа мор бехьна. Нускалш далош арабевлла лелачарна тешнабехк хилла. Цхьаболчеран чам чIогIа байна. Зударий царех хир бу бацца-м ца хаьа ,нускалш-м далийна шортта.»

Лур ду боху ахча бахьнехь, кхочуш динчу захалойн къоьлла хиллачу тера дац Соьлж-ГIалин кIоштехь а.

Дойкар эвлара Хьава ю дуьйцуш.

Хьава: «Хийла зуда яло дагахь ца хилларг а араваьлла дукха зударий балийна жармаш болчу дийнахь. Селхана некъаца чот йоцуш дукха машенаш яра бохуш дуьйцу,цхьанхьа бахана баьхкинчара. Наха шайггара доккхийла а ма яц и саннарг. Стенна аьлча молланаш а мА лелла нах дIаязбеш».

Дерзош аьлча чеккхдаьллачу кIирандийнахь санна, комаьршша зударий кхийлина де тIейогIучу ханна Нохчийчохь догIур ду ала а хала ду.

Дукхахболчара шаьш Iедалхоша Iехийна лору. Цхьаболчу тергамхоша кхеторехь кхаьжнаш тосучу дийнахь харжамхойн жигаралла лакхар яра алархьама юкъадаьккхина ду, цу дийнахь кхоллабеллачу доьзална ахча лур ду бохург.

Кхечара цу хабарх теша а тешна, сихаллехь захалонаш дIа а хьедеш,бIеннашкахь нускалш далор, гIаддайна, миска бохку нах дукха хиларца, ма-дарра аьлча, цу нехан къоьллица дузу.

Кхузара Iедалехь болчара испискаш хIиттош бахархошлахь зуда яло лаам берш дIа а язбеш, баккъал а нах тешош яьхна гIулчаш, тIаьхьенан ойла ца еш, цхьа челакха дина хIума

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG