ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пачхьалкхан Думе партеш билгалъевлла


90 % гергга харжамийн бюллетень листинчул тIаьхьа Оьрсийчоьнан Коьртачу харжамийн комиссин зерашца «Цхьаалин Оьрсийчоь» партигахьа кхаьжнаш тесна 54 % сов процент харжамхоша. Ишта Пачхьалкхан Думе кхаж баьлла 13, 5 процент кхаьжнаш кхаьчначу Коммунистийн партин, 13 сов процент кхаьжнаш гулдинчу либералан-демократин партин, 6 сов процент бахархоша къастийначу «Нийсонан Оьрсийчоьно» партийн. Кхийолу партеш парламенте ца кхочу. «Яблоко» оппозицин партин 2 процент гергга кхаьжнаш ду, Халкъан машаран партин «Парнасан» 0,7 процент.

«Открытая Россия» Ходорковский Михаилан юкъаралло хьалхатеттинчу 19 кандидатах цхьаммо а ца баьккхина толам. Iедало харцонца дIабаьхьна харжамаш, хьалхе дуьйнна жамIаш хууш, аьлла, шен резавацар дIахаийтина Парнасан лидеро Касьянов Михаила. Харжамашкахь низам талхоро а гойту Iедал кхоьруш хилар нийсачу, маьршачу харжамех. КIирандийнахь хилла харжамаш низамо ма-хьоьхху, цуьнан цхьа а хьаьрк а, дош а гал ца долуьйтуш дIабаьхьна цахиларх дIахьедо бозушбоцучу терамчаша.

Харжамхойн бакъонаш ларъечу «Аз» боламо чIагдарца йоллу Оьрсийчохь д1абаьхьначу харжамашкахь кхо эзар сов низам талхоран меттиг билгабаьккхина. Къаьстина даьржина дара харцолелор кхаж тасаран кепехь, тергамхойн, журналистийн бакъонаш эшийна хиларехь, низамашца йоцу агитаци лелорехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG