ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дахарий шу кхаьжнаш таса?


ПаргIат, цIена, харцонах маьрша харжамаш дIабаьхьина Оьрсийчохь а, цуьнан массо а мехкашкахь а, чIагIдо Iедало.

Иштта харжамашца бозабелла баккхий хиламаш тергалбелира Нохчийчохь. Цундела Маршо Радионо кху кIиранна хIоттийна хаттар даьржина ду.

Кар-кара а оьцуш, шуьйра дийцаре деш дара, мехкада а, парламент а хоржучу дийнахь зуда ялийначунна 500 эзар сом лой, миллион лой боху хабарш.

Бакъ хиларий иза? Шу тешнерий цунах? Далиний шун юьртахь, гIалахь цу дийнахь нускалш?

Дахарий шу кхаьжнаш таса? Чекхбевллий Iедале аш хаьржина нах?

ХIоттийначу хаттаран хьокъехь вистхила лаам болучарна йовзуьйту тхайн телефонаш.

Прагера телефон: + 420 724 019 832

Горгали а баийтина, охьайилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене.

СМС яийта тарло тхан Москохарчу телефон тΙе: + 8 926 23 60 4 65.

Ватсап, Вайбер, Телеграм ю тхан: + 420 724019832

Хетачух лаьцна яздан йиш ю тхан сайте а: www.radiomarsho.com.

XS
SM
MD
LG