ТIекхочийла долу линкаш

Амагов Докка

Сан узам

Сан узам, хьо болалохьа,
Къеначу лаьмнашкахула,
Да воцуш дисинарг байлахь,
КIант хилий, лахьадеш айхьа.

Сан узам, хьо болалохьа
Ирачу тархаш тIехула,
Берзинчу когийн лар цIийца
Хьайн юьтуш царна тIехь , Iийда.

Сан узам, хьо болалохьа,
Схьадостуш хьайн чевнийн монаш,
Мел дайнарг, мел лайнарг айхьа
ТIекхойкхуш геннара хьайна.

Сан узам, хьо болалохьа
МаьркIажан бодашкахула,
Шийлачу мехашца цхьана,
Шайн кIентийн тезеташ тийжош
Лаьттачу кIотаршкахула.

Сан узам, хьо болалохьа,
Сан мехкан массо мерз озош,
Барз боцуш баьккхина шайна
Байначу кIенташна боьлхуш,

Сан узам, хьо болалохьа,
Дайн назма ма хуьллу айдеш.
Хьайн мукъам дIатохий цуьнца,
Муьлхачу кхолламна кечлуш.

Амагов Докка

Амагов Докка вина 1960-чу шарахь Итум-Кхелахь. Циггахь ишколехь дешначул тIаьхьа, Ставрополан институтан математикан факультет чекхъяьккхина. Болх бина "Орга" журналехь а, Нохчийн пачхьалкхан парламентан декъашхо а хилла. Доккин байташ, дийцарш зорбане девлла тайп-тайпанчу юкъара гуламашна тIехь а, журналашкахь а, газеташкахь а.

Карарчу хенахь вехаш ву Хонкарахь.

XS
SM
MD
LG