ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Амагов Докка. Со велха ца воьлху...


Амагов Докка

****

Со велха ца воьлху,
боллушехь сов IаьIна
сайн деган Iийжам.
Кхин доггах ца воьлу,
дахаро хьийстина
воллушехь хийла.

Со, велла, ца ваха,
бу боху къонахий
дIаоьхуш цаьрца.
Со вехаш вац боху,
нахах дIатарвелла,
тIетайна царна.

Сан велхар, сан велар,
Сан вахар, сан валар,
Шаьш цхьана эшарца ийна,
Йиш хаьлла, узамца,
Сан деган назманца,
Нохчийчоь, хьан къина тийжа!

XS
SM
MD
LG