ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Амагов Докка. Iаьржачу хIорда тIехь...


Амагов Докка

***

Iаьржачу хIорда тIехь цIIеста варкъ техка,
Суьйренца буссучу малхаца доьжна.
ТIулгIешна тIехула тулгIенаш ежа,
Чопанца кхехкадеш шайн гиччош къоьжа.

Геннара иддера уьш кхуза кхача,
Сатуьйсуш карабан синтеман кхача,
Дуьйцучохь , сов атта тарделла шайна
Хийрачу махка дIа кхарстар ду тайна.

Ткъа хIинца, дIахиъча шаьш Iехаялар,
Йийсаре дуйла и шайн кхуза кхачар,
Даръелла етталуш мокъазчу бердах,
ГIораза йоьлху уьш экамчу берах.

ГIергIачу тIулгIенийн аьзнех а хаьдда,
Ша къаьсташ цхьа узам хетало суна,
Со маьрша кхиъначу ломара хьаьдда
Еъначу тIулгIено тийжабеш санна.

Цо дуьйцуш ша цигахь хьостанца къастар,
ТIакхха ша генарчу хIорданах кхетар,
Дийцлуш дерг осу сан гIайгIано семса,
Хоьдучу уьйрашна вуьлуьйтуш сема.

Го суна синбIарца сайн хIусам еса,
Ца карош тIеваха цхьа некъан аса,
Ден кошан барз а го, тIехIуттуш аса ,
Дешанза хан яьлла мелана Еса.

Хийрачу нахана борахчу мехах
Шайна со хетачохь, сайн боцчу махкахь,
Со тасий ма витахь, йа, АллахI –Дела,
Iуналла хьайн доцуш суна тIехь делла.

XS
SM
MD
LG