ТIекхочийла долу линкаш


Амагов Докка

ГIарагIулийн назма

ГIарагIулеш стиглахула йоьлху,
ТIемаш тIера егош маьлхан чилла,
ГIарагIулеш шайн назманца йоьлху
Баьккхина сан дегалецам чIила.

Яьккхи цара лекха Iарша зевне,
Сан иэс доккхуш шен лазамна сама
Иштта тийжам суна хезна бара
Нохчийн махкахь нохчийн наношкара…

Юхаъ угIуш стиглахь хьийза кема,
Ловзош шеца жIаран Iаьржа гема,
Адам гича хуьлий дера экха
И чууьду церан синош эца…

ГIарагIулеш стиглахула йоьлху
Деле йоьхуш Нохчийчоь белхамца,
ГIарагIулеш Нохчийн махка йоьлху
ТIемаш лестош Iодика сан ярца.

Ткъа со лаьтта Босфор йистехь тийна,
ГIарагIулеш тоххарехь дIаяхна,
БIаьсте яйна гIайгIане шо санна,
Кху шарахь а бухавоьдуш Iаьнна...

Амагов Докка

Амагов Докка вина 1960-чу шарахь Итум-Кхелахь. Циггахь ишколехь дешначул тIаьхьа, Ставрополан институтан математикан факультет чекхъяьккхина. Болх бина "Орга" журналехь а, Нохчийн пачхьалкхан парламентан декъашхо а хилла. Доккин байташ, дийцарш зорбане девлла тайп-тайпанчу юкъара гуламашна тIехь а, журналашкахь а, газеташкахь а.

Карарчу хенахь вехаш ву Хонкарахь.

XS
SM
MD
LG