ТIекхочийла долу линкаш

Хорватин Iедалша тIеман зуламаш дарна бехке вечу сербан Василькович Драганан кхел йолийна шинарийдийнахь Сплит гIалахь. Васильковична бехке дуьллу сербийн-хорватийн конфликтехь йийсаре лецна нах къиза хьийзор а, Хорватин салтий а, полицин белхахой а байар а. Рейтер агенталло баржийна и хаам.

Кхела хьалха хIоьттинчу Васильковича ша бехке вац аьлла дIахьедо. «Капитан Драган» аьлла цIе яхна Василькович лаьцна Австралехь, Хорватин Iедало цуьнан экстрадици яр доьхуш дахначу шарахь Австралин Iедале дахьийтинчу кехатна жоп деллачул тIаьхьа.

XS
SM
MD
LG