ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тарлур юй те Оьрсийчоь кхечу пачхьалкхех?


Iедалхошка ладоьгIча махкахь харжамаш лакхарчу тIегIанахь, цхьана тайпа харцо йоцуш,дика чекхбевлла.

«Нохчийчохь харжамаш низамо ма-бохху, тергамхойн а, харжамхойн а, кандидатийн а –цхьанне а ала хIума доцуш кхиамца дIабирзина».

Ишта дIахьедар динарг ву Оьрсийчоьнан харжаман комиссин хьаькаман гIовс волу Булаев Николай.

Цо чIагIдарца кхузахь харжамхойн жигаралла а кхечу кIошташкахьчул хаъал лакхара а хилла, цхьана дас арз дина меттиг а ца тусаелла.

«Кхаж тосучу дийнахь Нохчийчохь дукха Iуьйранна дуьйна леррина кхоьллинчу Тергаман кхеташонан декъашхоша шайн тидамехь латтийна харжамийн каппаш, гIалаташ, низам талхор ду дац хьовсуш. Галдаьлла цхьа хIума хааделла дац».

Сел бIаьрла дIахьедар динарг ву бакъонашларьярхо Нухажиев Нурди.

Нохчийчохь дIабехьначу харжамийн хьокъехь официалан гIардаьхначу терахьехь теша мегар дац аьлла, хааме яьлла бакъонашларьярхо Ганнушкина Светлана.

Масала иза тешшане а тешаш яц «Яблоко» партина кхузахь 200 стага а кхаж ца тесна бохучух. Бакъдерг дийцича могIарерчу нахалахь а кIезиг бац и жамIаш шеконе дохкуш берш.

Цкъа делахь церан къамелашкахь гучудолу харжамашкахь дакъалаьцнарш вуно кIезиг хилар.

ШолгIа кхожа кIел яханчу партешна юкъахь «Яблоко» партина шайн аьзнаш дIаделларш шортта хилар.

Ткъех шо ду ша харжамашкахь хиланза боху Ставропромысал кIоштерчу Дагмана. Цо дийцарехь церан куьпарчу зударех цхьаъ бен яхна яц кхаж таса.

Дагман: «Харжамашка со-м ца яхна. Ас тIаьххьара кхаж Масхадовна тесна-кх. Ишколехь балхахь хиларна сан цIийндас тесна. И кхаж тосийла цу ишколехь ма юй. Суна хууш цо, цуьнан накъосташа «Яблоко» партина дIаделла шайн аьзнаш. Цхьаболчара-м цунна бен кхин кхаж а ца тосуш, важа долу буьлтенаш шаьш ма-дарра дIа чу кхиссиначух тера а ду..»

Чекхбевлла харжамаш рогIера пуьташ а, юкъаралла Iехор а лоручех ву Iаьрби.

Iаьрби: «Аса «Яблоко» партина тесна кхаж. Суна бевзачарех массехамма а тесна. Массара олуш дерг и дар-кх, ахь тесча а, ца тесча а бен дац, хиндерг хууш ду. Изза сурт ду, дийцарехь. ХIирий махкахь а, Ставропол кIоштехь а.

Цкъа а хIара Оьрсийчоь кхечу пачхьалкхехь тар а елла, низамаша болх а беш дIахIуттур юй те аьлла шек ву-кх со а, со санна кхиберш а».

Дахарехь зеделлачу дукха бахархоша къаро ярца, чекхбевлла харжамаш шатайпа лазаме тоьшалла ду Оьрсийчохь нийсонехьа, бакъонехьа хийццалуш хIума цахиларан а, я кесталгIа хийцалур ду ала дегайовхо йоцу хьесап хиларан а.

XS
SM
MD
LG