ТIекхочийла долу линкаш

Би-Би-Син хаамашца, шинарийдийнахь шен майрчуьнца Питт Бредца дIасакъаста сацам бина Iамеркан актрисо Джоли Анджелинас. ТМЗ портало дийцарехь, барт бохаран бахьанаш лору актрисас шаьшиъ цхьаьнацадар, хьежамаш кеп-кепара хилар, къаьсттина, бераш кхетош-кхиорехь. Иштта портало билгалдоккху, Джолис адвокате деллачу кехаташтIехь Питт шена ямартваларх хьехош цахилар.

ТМЗ-н информацица, Джолис доьху шайн 6 берана тIехь доладан бакъо шегахь йитар а, иштта дуьхьал яц иза деца берашца йолчу уйьрашна а.

2014-чу шарахь цхьаьнакхеттачу Питтан, Джолин шаьш дуьненчу даьккхина 3, далийна 3 бераш ду.

XS
SM
MD
LG