ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Каролинехь полисхочо афроIамеркхо вийна


Къилбаседа Каролинерчу Шарлотт гIалахь полисхоша афроIамеркхо верца Iедална дуьхьалоеш йинчу акцехь лазийна 12 полисхо. Герзаш кхийсинчу меттигехь протестхоша йохийна полисхойн машенаш. Шинарийдийнахь полисхочо герз тоьхна чевнашца дарбан цIине кхачинйа 43 шо долу афроIамеркхо Скотт Ламонт Кит велла.

Полисхоша чIагIдо, Скоттехь герз дара бохуш, ткъа хаамийн гIирсашка веллачун гергарчара даредарехь, киншка хилла Скоттан карахь. Хиллачу инциденто дарбинчу бахархоша гIалин некъаш къевлинера.

Меттигерчу зорбанийн хаамашца, полисхоша лаьхкина гулбелла нах, юкъа бIаьргаш Iовжон газ хецна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG