ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу дарбан цIенна авиатохарш дина


Шемахь дарбанцIенна тIе кеманаша динчу тIелатаро вийна лаххара а 4 лор. Аллеппона гергарчу Хан-Туман гIалахь шинарийдийнахь дина и зен, дуьненаюкъарчу лоьрийн юкъаралло бечу хаамца. Ткъа Лондонерчу Шемин бакъоларъярхойн обсерваторино вийнарг 13 стаг ву аьлла даржийна, 4 царех лор а волуш.

Иштта оцу дарбанцIачохь вийна човйина Iуьллу 9 «Джабхат Фатх ал-Шам» тобанера гIаттамхо а. Оршоьтадийнахь гуманитаран ковранна тIе авиатохар дина 20 маьрша вахархо вийначу меттигна гергахь лаьтта Хан-Туман гIала.

Оцу дийнахь дуьйна гуманитаран гIо Шема кхачор сацийна Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG