ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Батаева Хеда. Секха Iад санна...


Батаева Хеда

***

секха Iад санна
сакх хилла синош
дIауьду цхьанхьа,
тIаьхьауьду къинош,
азаллехь дуьйна
ца кхеташ шайна
шаьш лоьхурш дуйла
шайн ирсе гIенаш...

хазачех дисна,
дикачех дисна,
къонахех дисна
хьо маьлхан дуьне,
безачех ваьлча,
бевзачех ваьлча,
оьшучех ваьлча
доьрзу хьо уьне...

хьо, тесна диттал,
хала ду даа,
бакъдерг а, литтал,
хала ду хаа,
амма шу шиннах
бакъо яц вада,
секхачу сино
хIаллакдо адам...

харцонца верг ша
тоьлла а ваьллехь,
ямарта волчуьн
дош лелла даьллехь,
ас кераюккъехь
яздийр ду туьрца,
хIокху дуьненахь
суо эшна, аьлла.

жIаьлин ха доцуш
мостагIа вижжалц,
чIирхошца цхьаьна
вай шуьне хийшшалц -
ца тоьлла харцо,
со лела тешна,
толамехь вац и.
со а яц эшна.

2016

Батаева Хеда. Байтанча. Нохчийн яздархойн цхьанакхетараллин декъашхо.

Йина 1970-чу шарахь ГIойчу (СаIдин-кIотар) юьртахь. Чекхъяьккхина Соьлжа-гIалин Хьехархойн Училище а, Нохчийн Пачхьалкхан Университетан филологин факультет а. Дуьххьара зорбане яьлла 1984-чу шарахь "Орга" альманах тIехь. Байташ зорбане йийлина масех юкъара гуламна тIехь: "ТIома лакхе", "Ма деха дара и Iа", "Малх лаьцначохь", "Нана Нохчийчоь". Иштта дийцарш а, байташ а зорбане йийлина "Орга", "Вайнах", "СтелаIад", "Нана" журналаш тIехь а, газеташ тIехь а.

Арсанукаев Шайхи яздархойн цхьанакхетараллин куьйгалхо волуш, 1993-чу шарахь Хеда цуьнан декъашхо схьаийцира.

Шен гулар арахеца Нохчийн издательстве дIаелла байташ 1995-чу шарахь егира Хедин. Ткъа 2002-чу шарахь гулар арахеца йоьлча, Iедало беш хиллачу бехкамашна реза а ца хилла Хедас шен байташ юхаийцира.

Болх бина ГIойчу юьртара а, Олхазар-кIотарара а ишколашкахь а, "Орга", "СтелаIад" журналийн редакцешкахь а, телевизионехь а.

1985-чу шарахь, Нохч-ГIалгIайн республикан поэтийн конкурсехь 2-гIа меттиг яьккхира Хедас шен пхийтта шо долуш. Ткъа шен шийтта шо долуш, шен дуьххьарлерчу байташца "Пхьармат" цIе йолчу нохчийн яздархойн цхьанакхетаралле а кхечира Хеда, шен ишколерчу хьехархочо Исламов Мохьмад-Салахьа шеца цига йигна. Цигахь Хедина дуьххьара бевзира нохчийн тоьлла болу яздархой а, поэташ а: Яндарбиев Зеламха, Бексултанов Муса, Шайхиев Iалвади ("Пхьарматан" куьйгалхо), Джумалаева Лула, Цуруев Шерип иштта кхиберш а.

Тоьлла болу нохчийн меттан а, литературан а хьехархой хилла Батаева Хедин ишколехь а, Хьехархойн Училищехь а, Университетехь а: Бисултанов Апти, Озниев Хьусайн, Итаев Бауди, Джамалханов Зайнди, Вагапов Iарби, Джамбеков ШаIрани иштта кхин а.

Карарчу хенахь ехаш ю Францехь.

XS
SM
MD
LG