ТIекхочийла долу линкаш

Нобелан премина альтернатива лоручу шведийн бакъоларъярхойн «Нийса дахаран кеп лелорна» премин лауреат хаьржина оьрсийн бакъонашларъярхо Ганнушкина Светлана. Стокголмехь еарийдийнахь хIоттийначу пресс-конференцехь дIакхайкхийна и хаам. Адамийн бакъонаш ларъярехь дуккха а шерашкахь гIаролехь латтарна а, мухIажирийн нийсонца тергоеш хиларна а аьлла, билгалдоккхуш деза совгIат дина оьрсийн бакъонашлаъярхочунна.

«Бахархойн гIолацар» комитетан куьйгаллехь йолчу Ганнушкинас мухIажиршна гIоьналла латто 25 шо сов хан ю.

Изза шведийн совгIат дина кху шарахь Шемарчу йозуш йоцчу «КIайн куйнаш» цIе йолчу юкъараллина а, Мисарерчу зударийн бакъонашкахьа къийсам латточу Хьассан Мозна а, феминистийн юкъараллина а, туркойн оппозицин КумхIуриет газетна а.

Толам баьккхинчарна доькъур ду шведийн 3 миллион кронаш, Iамеркан долларшкахь аьлча, 350 эзар доллар.

XS
SM
MD
LG