ТIекхочийла долу линкаш

Алиев ГIапур. Дакъаза ма яла, сан хьоме Нохчийчоь


Алиев ГIапур

Дакъаза ма яла, сан хьоме Нохчийчоь

Ламанийн хотешкахь къоркхокхий ца дека.
Цу лаьмнийн баххьашкахь лечарчий дIатийна.
Дакъаза ма яла, сан хьоме Нохчийчоь,
Луьрачу мостагIех ма дера лета хьо..

Йохийна хьан ярташ, ягийна гIаланаш,
Сийсазбо мехкарий, хIаллакбо хьан кIентий.
Дакъаза ма яла, сан хьоме Нохчийчоь,
Маццалца хьийзар-те хьан керта мостагIий?!

Вайнехан кIиллонаш, гIорасиз хилла,
Гуор эгна лаьтташ бу, лоллехь хатI хилла.
Дакъаза ма яла, сан хьоме Нохчийчоь,
Чевнаша дарйина, ма бIаьрзе хьийза хьо..

Мичхьа ю-техьа хьо, хIай нохчийн нохчалла,
ЦIе йоккхуш мел хилларг ямартхо хилча?
Дакъаза ма яла, сан хьоме Нохчийчоь,
Яхьйолуш мел хилларш мичахь бу хьан кIентий?!

Хьан дуьхьа беллараш гIазот бац бохуш,
Харц Iилма даржадеш Iилманчаш лиэла.
Дакъаза ма яла, сан хьоме Нохчийчоь,
Iилманах базар еш, молланаш хьийза..

Хьан массо шовданаш хIунда дац бIаьрхиш?
ХIунда дац хьан некъийн тачанаш хедаш?
Дакъаза ма яла, сан хьоме Нохчийчоь,
Бухъюьйлуш хIунда яц хьан лаьмнийн тархаш?!

Шайн Даймохк боьхкина, баха кечбелларш,
Цу оьрсийн гауршна хьадалчаш хилларш,
Дакъаза ма яла, сан хьоме Нохчийчоь,
Лахьти чу уьш берзош хир дац-те денош?!

Болатан гIагI хилла, чIагIделла ламанаш,
МостагIийн ардангех дера каетташ.
Дакъаза ма яла, сан хьоме Нохчийчоь,
Яхьйолуш мел хилларш цигахь бу хьан кIентий..

«Маршо я Iожалла» шайн дагца чIагIдина,
Лай хилла вехачул валарах кхаъ хилла,
Дакъаза ма яла, сан хьоме Нохчийчоь,
Масане кIант лиэла хьан дуьхьа гIаьттина..

Къоркхокхий декар ду цу нохчийн хьаннашкахь,
Ламанан баххьашкахь лечарчий ловзур ду.
Дависа хьан делаI, сан хьоме Нохчийчоь,
МостагIех цIанъелла хьо хьанна гур ю-те?!

ГІеза-Махьма, имам Шемал, Алдара шайх Мансур,
Ташу-Хьаьжа, Таймин Бийболт, бенойн БойсагІар,
Майра Дуба, Дуин Іумха, Атин Атаби,
Шун синошка тахна кхойкху Нана-Нохчийчоь.

Майра кІентий: обарг Вара, Ахьвердин Махьма,
ЖІайн Хьаьжа-Мурд, Іаьлбаг-Хьаьжа, гендаргнойн Іийса,
Залмин Дада, Узум-Хьаьжа, обарг Зеламха,
Шун синошка тахна кхойкху Нана-Нохчийчоь.

Берса-Хьаьжа, наиб ТІелхиг, Жумин Акхтула,
Молла Маккхал, Солтамурад, цІонтаройн ШоІип,
Шотойн Ботакъ, Юсуп-молла, Мохьаммад-Эми,
Шун синошка тахна кхойкху Нана-Нохчийчоь.

20.05.1995 шо

Алиев ГIапур (1949 шеран 2 январь2011 шеран 16 март, Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика) — нохчийн поэт, бард, драматург, Нохч-ГӀалгӀайн АССР культуран Сийлахь гӀуллакххо, Оьрсийчоьнан яздархойн Кхеташонан декъашхо, Оьрсийчоьнан журналистийн Кхеташонан декъашхо, Оьрсийчоьнан театран гӀуллакхойн Кхеташонан декъашхо.

XS
SM
MD
LG