ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу кризисан хьокъехь барт ца карабо


Шемара тIом дипломатин гIоьнца сацо некъ ца баьлла цкъачунна. Алеппона гонах куп тоьхначу гIаттамхошна тIехула кеманаш хьийза, пхи кема дара стигалахь пIераскана, хаамбина Рейтере Алеппорчу меттигера нах Iалашбаран мисси дIакхоьхьучу хьукматан куьйгалхочо Ал-Селмо Iаммара.

Кеманаша динчу дарех хаамаш бац. Шемин а, Оьрсийчоьнан а кеманаша лаххара 30 тохар дина Алеппона гонаха пIераскан Iуьйранна, хаамбо Британерчу шемахойн бакъоларъяран обсерваторино. 250 эзар маьрша вахархо шена чохь волчу Алеппона, цигара гIаттамхой бохорхьама, еарийдийнахь тIелетарш дира Асад Башаран эскарша. Еарийдийнахь Нью-Йоркечу дийцаршкахь Iамеркан а, Оьрсийчоьнан а векалийн аьтто ца баьлла Шемарчу кризисан хьокъехь барт каро, Асадан ницкъаша тIелетарш долор бахьанехь.

Дуьненаюкъарчу бертахойн тобан цхьаьнакхетар дирзича Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретара Керри Джона элира журналисташка, Вашингтон кхидIа а гIертар ю машарбан, амма оьшу Шемин президент Асад а, Оьрсийчоь а машаре сатуьйсуш хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG