ТIекхочийла долу линкаш

Къилбаседа Каролина штатерчу Iамеркхойн Шарлотт гIалахь шинарийдийнахь полисхочо афроIамеркхо Скотт Кит верна дарбеллачу бахархоша вовшахтоьхна дуьхьалонан акци лаьтта кхоалгIа де ду. Вийначун гергарчарна гайтина хиллачу инцидентан видео нахалаяккхар тIедожийна Iедална протестхоша. Скоттан доьзалан адвокато дIахьедина, оцу видеотIехь Скотт Кит меллаша вогIуш хилар, цуьнан куьйгаш охьадахийтина латтор цо, цхьана а кепехь полисхочунна дуьхьал агресси гойтуш цахилар. Къастаза дуьсу, хилла вийначуьнгахь тапча, полисхоша чIагI ма дарра, я ца хилла.

Полисхо ша а ву афроIамеркхо. Кхаарийн, еарийн буьйсанашкахь Шарлоттехь акцин декъашхоша цIенойн кораш дохош, туьканашкахь къоланаш деш, полисхошна тIе тIулгаш, ангалин шишанаш лестош къепедацарш лелийна. Полисхоша гулбеллачарна юккъе бIаьргаш Iовжо газ хецнера. Протестхойх 9 стаг лазийна, 44 Iедало лаьцна. Шарлотт гIалахь чолхечу хьолан раж кхайкхийна, хIоттийна комендантан сахьт.

Полицин версица, шинарийдийнахь герз карахь, полисхочунна герга варна, тапча лаьтта охьайилла аьлла омра шега дина омра, кхочуш ца дарна вийна Скотт Кит.

XS
SM
MD
LG