ТIекхочийла долу линкаш

Харжамаш а дIабирзина. Уьш бахьнехь, харжамийн таппашкахула чекх а дохуш далийна нускалш а дерзийна цхьадерш дIа, вуьйш кхана -лама гучудаха дезаш ду.

Цкъа вовшашка дист хилла а доцчу кIантана йоIана захало хьахо сихаллехь замой а тIе а оьхуьйтуш, харжамаш тIекхача кIира хьалха дуьйна каде хьийзинчу бахархоша, доьзалш кхолла дукха кегийрхой цхьаьнатоьхна махкахь.

Кхаж тосучу дийнахь нускалш далийча цхьаболчара 500 эзар, вукхара цхьа миллион Iедало ахчанаш ло бохуш юкъараллехь даржийна хабар эладита санна кхетийнарш а бу.

Цу зударий балор гонаха йоккха гIовгIа гIаьттича официалан дIахьедар Iорадаккха дезна муфтиятан а. Динан урхаллин хьаькамо буххера дуьйна а харцдина рогIера ролитикан кампании дIахьучу дийнахь зуда ялинчунна ахча ло бохург.

Харц дина цхьайолчу эвланашкахь нускал дало Iалашо лаьцнарш дIаязбеш арабевлла Iедалан векалш леллашехь.

Цхьана-а Iедалхочо делла пурба а доцуш уьш шайггара лела хIуьттур барий те?

Цара шаьш дуьххьара хIиттийна испискаш Соьлжа гIала дIа стенна кхачийна и бакъ ца хилча?

Хьаьнга, мича хьукхмате дIаелла уьш?

Цул тIаьхьа а стенна язбина зуда яло карзахбевлла кегийрхой дIа?

И хеттарш,схьагарехь, бахархошна нускалш санна, гуттаренна а жоп доцуш дисна.

Бакъду нохчашлахь кху муьрехь и керла балийна зударий буьйцучуьра охьабохкуш а бац. Харжамийн а, нускалийн а хьокъехь шайна хуучух наха ма-дарра дуьйцу. Соьлжа кIоштера юьртахой бу хIара къамелаш дийраш.

Юьртахо: "Харжамашкахь со ца хилла. Со цу дийнахь цIахь яцара. Бакъду, и де нисдан а гIерташ дукха зударий-м балийна наха. Дукха нах Iехабелла".

Вахархо: «Харжамашка-м мила вахнера. Цара шаьш дIа чутийсар и кхаьжнаш-м. Iедалехь йолчу партина дIало. Цу дийнахь тхан юьрахь 6 зуда гучуйоккхуш меттигаш яра. ХIинца тIедогIучу кIирнах а бу зуда ялийна масех барам. Юьхьанца цхьаъ дийца а дийцина цул тIаьхьа бакъ дац аьлла дIа-м дерзи цара иза…Хаац.»

МогIарерчу бахархоша дечу къамелашкахь гучу ма даллара, бакълена а шайна ахчанаш делла даьлла моьттуш Iехабелла, катоьхха захалонаш тIе а кхехьна, зударий балийнарш бу дукха.

Царалахь кIезиг бац таро йоцурш, гIийла бохкурш, и бахьанехь таттабелла декхарийла бахнарш.

Царна диснарг цхьаъ ду- шаьш цхьа лол а тоьхна тIехIиттина халонаш эшор.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG