ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алеппохь бамбанашеттар алсамдаьлла


Рейтерс агенталло дийцарехь, Шемарчу оппозицино шайгахь латточу кIошташкахь бомбанаш еттар шордина. Адамийн бакъонаш ларъечу мониторинган центро а бакъдо авиатохарш дIахьош хилар. Алеппо гIалин Малхбалерчу декъанна тохарш дина шоьтан Iуьйранна. Бакъонашларъярхойн терахьашца, пIераскана дуьйнна кеманаша динчу тохаршкахь вийна 50 стаг, ду царлахь бераш а.

Алеппорчу тIеман лазартнин коьртачу лоьро 90 стаг вийна миномет олучу яккхийчу тоьпаша аьлла хаам бира хьалхо. Еарийдийнахь Шемарчу Iедалан эскарша дIахьедира, оппозин декъо дIалецначу Алеппо гIалин кIошташкахь шаьш тIемаш марсабахарх.

Iамерко, Оьрсийчоьно шина агIонна юкъахь машар бан бина барт боьхна, гуманитаран ковранна тIелатар динчул тIаьхьа. Iамеркан тIеман инарлаша бехк Оьрсийчоьнан бо, ткъа Кремло ша декъахь яц аьлла дIахьедина

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG