ТIекхочийла долу линкаш

Бисултанов Апти

Олхазаре

са хаддалц кхайкха хьо хIай маьрша олхазар
ва дийна хиларан жоп Деле доьхуш
тIам хаддалц кхерста хьо хIай маса олхазар
вай дегнийн баланаш тиен меттиг лоьхуш

вай вовшех кхаьрдича нийсдала мегачу
гIуллакхан ойлаяр дита ахь суна
вай вовшех къаьстича мага ца мегачу
ойланна доладар дита ахь суна

цу Далла хастамбеш тIома ца кхолларна
тIам акха ца волуш вуьсучу суна
цу Далла хастамбеш Нохчийчохь кхолларна
ког акха ца волуш вуьсучу суна

цу Далла хастамбеш дилха дог кхолларна
тIулгаш а чIагIаллех духучу дийнахь
цу Далла хастамбеш хьох тера кхолларна
баьхнаберш Нохчийчохь буьсур бац дийна

ирс долуш деца хьо хIай маьрша олхазар
нахаца нийсо хьан леха ца дезна
ницкъ болуш деца хьо хIай кура олхазар
дуьненан кIезгалле лакхара хьежна

тIемашкахь мох кхаьбна бIаьргашкахь Iожалла
синметтехь яхь кхаьбна дара-кх хьо хийла
наггахь ахь мохь тоьхча дIаьндарган озал а
и маса хуьлура хуьлура шийла

цу Делан Iаьршашна тхол гергахь кхоьллина
цу Делан лаамна тхол гергахь даьхна
ирс долуш дара-кхь хьо самаьрша кхоьллинарг
кхоьллича дуьйна схьа гIазотехь даьхнарг

хьо дезна дацара-кх лаьхьанал башха хьайн
IиндагIа хиларна и лаьттахь текхаш
Iаьршашкахь хьовза хьо шуьйра тIам баржабай
хьайх хьоьгуш дуьсучу тхан къина декаш

хьовза хьо кхарста хьо херцаршна тIехула
дохк санна сингаттам лаьттачу махкахь
сагIин гуо хьовзвбеш кху махка тIехула
тийначу доIанехь меллаша тахка

стигла а латта а мостагIех сийсачу
кху махках гIайгIанаш баланаш хьерча
есачу шахьаршкахь чангIалкхех цIийзачу
мехаша лоькху тхан дохийна кхерчаш

шайх къобал сагIа деш Делан дош толийта
сийх шек ца довлийта ламанийн баххьаш
кху махкахь иманан серло ца кхолийта
гIазотехь эгначийн и нуьре яххьаш

уьйш дуьхьалтуьйсу-кха хьо стиглахь хьевзича
осаллех са паргIатдоккху-кх хьан озо
сирла мохь тоьхна ахь тхан дегнаш кхевсича
харцадеш массо а харцонан доза

ког акха тIам акха са акха даьлла дерг
адам я олхазар экха я дийнат
де эшна нийсачу некъах шекваьлла верг
Iожалла я маршуо къасточу дийнахь

гIаттавеш къийсамехь мел воьжнарг хьахавеш
маршуонан туркх хилий Iаьршашка дала
доллучу дуьненна тIера шех сагIа деш
дуьнене Нохчийчоь йогуш ю ала

Апти Бисултанов вина 1959 шарахь. Апти -- гоьваьлла нохчийн кхузаманахьлера байтанча ву. 1983 шарахь цо чекхъяккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факултет. Бисултановс арахецна цхьамогIа байтийн гулам. Масала, цуьнан «Ткъесан ӀиндагӀ» гуламана юкъайоьдуш ю шуьйрра евзаш йолу поэма «Хайбахехь язйинарг». 1992 шарахь цунна делира Нохчичоьнан Халкъан совгӀат. Апти Бисултанов 2002-чу шарахь дуьйна Ӏаш ву Берлинехь.

XS
SM
MD
LG