ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчуьра шен схьавалар долчу артисто Кобзон Иосифа Оьрсийчоьне «текха ца ло мохь» аьлла цIе тиллина Кремло аннекси йинчу ГIирмина, Пачхьалкхан думин кхеташоно финансаш йоькъучу кхеташонехь. ГIирме ахча хьажо дезаро меца юьту Оьрсийчоьнан могашаллин, дешаран хьукматаш, култура, аьлла цо оцу хьокъехь журналисташца къамелдеш а. Амма ша ГIирма «цIенна оьрсийн латта лору», боху Кобзона. Иза масситтаза хилла Донбассерчу сепаратисташца юкъарло лелош цига вахана. Украино дихкина цунна шен лаьттатIе вала.

XS
SM
MD
LG