ТIекхочийла долу линкаш

Президентан дебаташ юьйлаелла Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь


U.S. --Трамп Доналд а, Клинтон Хиллари а, дуьххьарчу президентан дебатехь Хофстра Университетехь, Гезгмашин-беттан 26, 2016

U.S. --Трамп Доналд а, Клинтон Хиллари а, дуьххьарчу президентан дебатехь Хофстра Университетехь, Гезгмашин-беттан 26, 2016

Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь кху шеран уггар мехала хилам лара мегаш бу оршотан буьйсанна дIаяхьна дуьххьара президентан кандидатийн теледебаташ.

Теледебаташка хьажа лерина 100 миллион хьовсархо ву боху дIахьедаршкахь.

Цкъа а президентан дебатийн ца хилла, уггар лекха терахь лору иза политикан тергамчаша. ХIинццалц, мохк мел бу дIасалелаш, нахана хьалха шайн кампани дIаяьхнехь а, оршоьтан буьйсанна дуьх-дуьхьал хIоьттина, массо а вахархочунна а хезаш, шайна хетарг а, шайна луург дIахаийта дийзира шина а кандидатан.

Шинна кандидатийн политике болу хьежам шуьйрра бевза дукхахболчу Iамерканхошна а, кху махкахь хин болу президентан харжамаш леринчу тидамехь латточу кхечу пачхьалкхийн бахархошна а.

Дукхахболчарна Клинтон Хилари ламастийн политик санна го, ткъа Трамп Доналд девне амал а йолуш, дуьненаюкъарчу политикан хьокъехь беран долчул сов хаарш доцуш санна го.

Масала, бусалба нах Iамерке чубитар дехка деза; Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир дика куьйгалхо ву; Мексикера бакъо йоцуш Iамеркехь беха нах ара а баьхна, Мексикан пачхьалкхе дозанан йохолла пен хьалаботтийта а беза; НАТО-н цхьайолчу пачхьалкхашна кхечу махко тIелатар дича, Iамеркан эскар цуьнан гIоьнна дахийта сихоян ца еза, боху цо хIинццалц дина дIааларша гIовгIа эккхийтинера кху мехкан лаккхарчу даржехь болчу политикашлахь, харжамаш тидамехь латточу аналисташлахь а.

Мухха делахь а, оршотан буьйсанна хиллачу дебаташкахь иштта шога а, кIоршаме а ца хаалора Трамп. Ца дира цо бусалба нах емалбеш дIааларш а, я бакъо йоцу Iамеркехь беха мексиканхой арабохур бу ша боху дIахьедарш а.

Хьалхачул мелла а кIедо вистхуьлучу Трампан а, хьалха дуьйна ша дуьйцучунна тIера ца йолчу Клинтонана а чоьхьарчу а, арахьарчу а гIуллакхийн хьокъехь дуккха а, шуьйра а галаморзахаллаш юйла бIаьрла гуш дара дебаташ тидамехь латточарна.

Таро йолчу наха Iедална луш йолу ял хьалаяккха еза пачхьалкхан декхар лахдархьама, бохура Клинтона. ХIан-хIан, и охьаяккха еза, аьлла, дуьхьало йира цу барамна Трампа. ТIаккха, масех триллион доллар Iамеркан хьоладайшна дозанал арахь Iалашден ахча чудаийта некъ хир бу бохуш, кхидIа а къуьйсура Трампа.

НАТО-н пачхьалкхашна буьззанчу барамехь гIорто ян еза Цхьаьнатоьхначу Штаташа аьлла Клинтона динчу дIахьедарна дуьхьал, Трампа хIора гIоьнан мах хила беза, таро лахъеллачу Iамерке декхар дац мехазза бартхошна гIодан элира.

Iиракъе Клинтон Iамеркан эскар чудахийта реза хиллехь а, ша дуьхьал вара цу тIеман гIулчана аьлла билгалдаьккхира мелла а хьалха хиллачул собаре хеталун Трампа.

ГIажарийчоьнна тIера экономикан санкцеш дIаяхаран бахьанехь, цу пачхьалкхах Гергарчу Малхбалерчу регионан суперпачхьалкх хила сахьт дац, аьлла Трампа шегара бехк баьккхича, Клинтона жоп луш, элира ша а, Обамас а шуьйра пачхьалкхийн коалици кхолларна, Iамеркан хIинццалц ца хилла йолу тIекхойчийла ю цу пачхьалкхан зарратан программ кхочушъечу меттигашна. ГIажарийчоьнна масех бутт бен хан ца оьшура зарратан герз кхио, аьлла тIетуьхира цо.

Расизм хьахийча, Трампа демократаш бехкебира Iаьржа нах шайна пайденна, церан кхаьжнийн дуьхьа, уьш хIора президентан харжамашкахь, царна шаьш дийр доцург дийр ду а бохуш, эхорна. Трампа, ша хьалха дечу дIахьедарех къаьсташ, дIахаийтира, шена дуккха а дика Iаьржа а, дика бусалба а нах бевза ша йинчу Флоридерчу голф кортех пайдаоьцуш, аьлла.

Хьахаделира дебаташкахь Оьрсийчоьнах а, Путинах а хаттар. Демократийн партин сервер а йохийна, цу чуьра кехаташ лечкъийна йолчу Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир Трампа хесторна, ша реза яц, аьлла билгалдаьккхира Клинтона. Яьккхинчу Путинан цIе ца хезча санна, Трампа вайна хIинцца а билгал ца хаьа сервер йохорна куьйга бехке муьлха пачхьалкх ю а, я муьлха стаг ву а, элира.

‘Исламан Пачхьалкх’ шех олу тоба кхолларна бехке лерира Трампа Клинтонан а, Обаман а политика. Цу шимма Иракъера эскар арадаккхаран кеп ю цигахь керлачу тIемана суй теснарг бохучу маьIнех дара цо дина дIааларш.

Цунна жоп луш, Клинтона хаийтира керла Иракъан Iедал цигахь ханна дIатарбан леринчу Iамеркан эскархойн дахарна кхерамзалла латто барамаш тIеэца реза ца хиларна, Цхьаьнатоьхначу Штатийн шен эскар арадаккха дийзира, аьлла.

Клинтонехь Iамеркан хьалха лаьтта экономикан а, тIеман а баланаш кхиамца листа хьуьнар дац аьлла Трамп хьахийча, Клинтона шен политикан дахарехь доккха зеделларг ду, аьлла жоп делира. Ду, вон зеделларг-м, аьлла Iоттар йира цунна Трампа.

Иштта, вовшийн дIахьедарш харцдеш, шен-шена хетарг бакъдеш, чекхелира оршотан буьйсанна дуьненан кхолламна а мехала ю ала йиш йолчу президентан харжамийн кампанийн теледебаташ.

Яхначу буса хиллачу дебаташа муха тIеIаткъам бина Iамеркан бахархойн дог-ойлана, муьлхачу агIор хийцина церан кандидаташка болу хьежам ала хьалхе ду тахана. Харжамаш тIекхача йисинчу заманчохь шинна кандидатана юкъахь кхин а кхоъ теледебат дIаяхьа лерина ю.

Цу дебаташкахь я хIара, я важа кандидат тоьлла аьлла политикан тергамчаша дIахьедарш дийр делахь а, лахьанан беттан 8-чу дийнахь бен хуур дац Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан дарж кху пачхьалкхан бахархоша хьанна тешор ду.

XS
SM
MD
LG