ТIекхочийла долу линкаш

Бисултанов Апти. Тешам боцчу кIантана йоIа лекхна йиш


Бисултанов Апти

Тешам боцчу кIантана
йоIа лекхна йиш

бохучарна баха хили
дуьйцучарна дийца хили
вайша вовшех даьлчахьана
кху дуьненахь са ца хили

бохучарна Iуьйре елла
дуьйцучарна суьйре елла
ма комаьрша хиллера хьо
суна хIоккхул бала белла

доккха дуьне хийист хеташ
доккха дакъа хьан дош хеташ
хьоь ладегIна йолчу йоIа
дити хьуна шена хеттарш

1990

Апти Бисултанов вина 1959 шарахь. Апти -- гоьваьлла нохчийн кхузаманахьлера байтанча ву. 1983 шарахь цо чекхъяккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факултет. Бисултановс арахецна цхьамогIа байтийн гулам. Масала, цуьнан «Ткъесан ӀиндагӀ» гуламана юкъайоьдуш ю шуьйрра евзаш йолу поэма «Хайбахехь язйинарг». 1992 шарахь цунна делира Нохчичоьнан Халкъан совгӀат. Апти Бисултанов 2002-чу шарахь дуьйна Ӏаш ву Берлинехь.

XS
SM
MD
LG