ТIекхочийла долу линкаш

Iаьмеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан дарже харжалучу Клинтон Хилларис а, Трамп Доналда а шайн экономикан а, арахьарчу политикан а хьежамаш бовзийтина махкахошна техелевизинехула шайн хиллачу дискуссехь оьршоьтан буса.

Лахьан-беттан 8-чу дийнахь хуьлучу харжамашна кечлуш, вовшашка бехкаш дехира цушимма 100 миллион гергга телехьажархочунна хьалха. Клинтона шеца къийсалучуьнга элира деккъа дIа «Доналд», вукхо цуьнга – «пачхьалкхан секретар Клинтон».

Дебаташка хьовсучара къасточу мехаца а догIуш, CNN телевизионо хаамбарехь, Клинтонехьа бара 68 процент хьовсархой. Клинтона Трамп вийцира, харжамхошкара кхаьжнаш бахархьама муьлхха а аьшпаш буьттур болу адам ду иза, аьлла. Иштта, цо бехкедиллира республиканхойн кандидатна Iамерканна кибер-атакаш еш хьийзачу Оьрсийчоьнан президентца Путинца гергарлонаш лоьхуш иза лелар а.

Трампа Клинтонна а, демократашна а бехкедиллира цара «Iаьмеркан Штаташ малъяр, деморализаце кхачор». «Сенатор Iийначу, могIарчу политико» къамелаш даррий бен, кхин деш хIума а дац, хаза хеза, амма болх ца бо, - элира Трампа Клинтонна.

XS
SM
MD
LG