ТIекхочийла долу линкаш

ТIаьхьарчу кIиранахь Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу политикийн а, Евробертан пачхьалкхийна куьйгалхойн а интернетерчу агIонашна кибератакаш йинера Оьрсийчуьрчу хакерша. Оршот дийнахь гIардаьлла цара иштта Германерчу журналистийн интеренет-агIонашна а тIелатарш дар.

Малхбузера политикашна а, журналисташна а кибератакаш йо Оьрсийчуьрчу хакерша.

Кху деношкахь цхьа могIа Малхбузерчу политикашна а, юкъараллин жигархошна а шайн имайл- адресашца тесна карийна долу кехаташ НАТО тIеман альянсан Брюсселерчу коьртачу бюрочуьра тесича санна дара.

Немцойн Бунедастаган депутаташка а кхаьчнера уьш, цу махкарчу яккхийчу партийн куьйгаллерчу политикашка а кхаьчнера, хIинца гучудаьлла ма-хиллара, журналисташка а.

Цу кехаташкахула тесина йолу линк схьаелла яьлла кхайкхам бара имайлашкахь, ткъа и линк схьайиллича, цигахь, кехатан авторша ма-яздара, НАТО альянсера мехала информаци а йоцуш, хакерша лерина кхоьллина программа яра, цу нехан компьютерах а летта, цу чуьра массо а информаци хакершка дIатасса гуьнахь йолу.

Хакерийн атакийн хьокъехь талламаш бинчу Германерчу „Зюддойче Цайтунго“ гIардаьккхина, Кремлаца гергарло лелорца евзаш йолу "APT 28" цIе лелон хакерийн тоба цу тIелатаршна тIехьа лаьтташ хилар. Журналистийн талламийн жамIаш тIечIагIдина хIинцале а немцойн информацехула йолчу кхерамазаллин министралло а.

Цу министраллин векалша шайн официала сайта тIехь зорбане даьккхинчу дIахьедарехь яздина ду, кибератакашна тIехьа лаьтташ Оьрсийчуьра тоба хиларан тоьшалла церан леламийн хатI хилар.

„Информацехула йолчу кхерамазаллин министраллина талламашца девзаш долу леламийн хатI а, куьгйоза а "APT 28"тобан боларца цхьаьнадогIуш ду“ аьлла.

Тамашийнарг а, Германера информатикан а, интернет-зуламийн а аналисташ цецбаьхнарг а ду, хакерша шаьш и вирусца Iалашйина имайлаш кечйечу а, дIасатуьйсучу хенахь кхин башха хIара аьлла шайн талор къайладахьархьама гIулчаш яьхна ца хилар.

„И бохург дац, царна цу кепара конспираци яран гIулчаш ца евза, амма ду цара башха мехала а ца лерина шайн Iалашонаш хьулъян гIорта бохург. Цабашаран жест ала мегар ду цунах“,- иштта элира немцойн телевизионехулацу хьокъехь вистхиллачу Германин вевзаш волчу айти-аналисто Штоккер Вольфганго.

Ткъа цу махкахь урхаллехь йолчу CDU партин декъашхочо Мюллер Франко, шен имайл адрес тIе а хакерийн коста кхаьчна волчу, элира цу хьокъехь журналисташка, „хеттане а эхь ца хетар ду иза, провокаци ю ала а мегар долш“ аьлла.

Амма и провокаци а,и талорш а Оьрсийчуьра лараш йолчу хакерша тIаьхьарчу деношкахь цхьана немцойн политикашна йина ца Iа.

ХьастагIа Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу демократийн партин куьйгалхойн имайл адресашна тIелатар а дина, 20 эзар сов церан электро-кехаташ Викиликс сайта тIехь зорбане даькхинарш а изза оьрсийн къайлахчу сервисашца уьйраш йолу хакерш лору тергамхоша.

Демократхошна вуно мехалчу Партин гулам дIахьочу дийнахь зобане яьхначу цу имайлашкахь гучудохуш дара Iамеркан президент хила луучу Клинтон Хилларина а, цуьнан гергарчу гонна а вуно цатомехь долу деталаш.

Масала, Клинтон а, цуьнан хьехамчаш а шайн ка долучу ницкъаца Демократийн партин цIарах президентан дарже кандидат хила гIоьртина волу Сандерс Берни къовсам юккъера аракхосса муха гIиртира бохург нахала доккхуш.

20I5-чу шарахь Германерчу Бундестаган сайтана а, Белгехь штаб-квартира йолчу Евробертан институцешна а кибертатакаш йинарг а изза Оьрсийчуьра хакерийн тоба ларалуш ю. Ткъа хIинца оршот дийнахь гIардаьлла ма-хиллара, цара тIаьхьарчу кIиранашкахь масех немцойн журналистийн аккаунташна а тIелатарш дина хилла.

И дерриге а вуно сингаттам кхуллуш боламаш лору Малхбузерчу лакхарчу технологешца лелочу зуламийн эксперташа. Иштта, масала, Мюнхенерчу кхерамазаллех йолчу конфренцин куьйгалхочо Ишингер Вольфганга ша цу хьокъехь немцойн „Билд“ газетина язйинчу артиклехь билгалдоккху, оьрсийн кибератакаша кесталгIа Бундестаге дIахьон болчу харжамашна тIеIаткъам бан тарло, бохург. Иза бохург ду тIаккха, цу хакершца зIенехь ларалуш йолчу оьрсийн кхайлахчу сервисийн а немцойн политикана тIеIаткъам бан йиш ю бохург.

XS
SM
MD
LG