ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лурчаха Малайзийн кема Оьрсийчоьнан Бук-о чудаийтина


Лурчаха Нидерландера Малайзе доьду кема, Бук-ракета тоьхна, Украинан стиглахь, сепаратисташа лаьцначу Донбассехь, чудожорийна аьла бу дуьненаюкъарчу бехктакхаман хьукмато бина сацам. Кхаарийдийнахь и таллам дIахьочу тобан куьйгалхочо Вестербик Фреда дIахьедира, 298 стаг а вуьйш кема чудожаран кхин бахьанаш дац, аьлла.

100 стаг ву бехке карийначу нахалахь, ткъа ма-барра таллам бовзуьйтийла дац, балханна новкъарло ца хилийта йолчу Iалашонца, аьлла Вестербика. Цо бахарехь, ала хала ду таллам билггал маца бина боьрзур бу.

Тарло, трагедин куьг-бехкечех цхьаберш лецна, чубохка а, дов хоттур долу меттиг билгалъяьлла яцахь а, боху талламчийн хьалханчас. Амстердамера Куалу-Лумпуре доьдуш чудожийра кема 2014-чу шеран Товбеца-беттан 17-чу дийнахь. Чохь мел хилла 290 стаг велира. Талламо бахарехь, Бук-ракетийн комплекс Оьрсийчуьра кхачийна хилла Донбассе, ткъа зулам динчул тIаьхьа юха а Оьрсийчу дIайигина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG