ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вьетнамерчу мигрантех пайдаоьцуш лецна нохчий


Литуван, Латвин, Полшин низамхоша шаьш рейд дIахьош 14 стаг лаьцна - царалахь 13 нохчо ву – Веьтнамера Оьрсийчуа а кхачош, цигара ЕвроБертан дозанашчу мигранташ балорна бехкебеш. Кхаа махко массех кIиранах дIаяьхьира и операци.

Нелегалехь вьетнамхой махка балорна Литуван дозанхоша лецначийн коьртехь ву, цара бахарехь, 31 шо долу нохчо. Иза лаьцна кхобу Вильнюсехь, хаамбина Литуван дозанхойн хьаькамех волчу Мишутис Гедрюса. Оццу бахьанийца 10 нохчо Латвехь лаьцна, шиъ – Полшехь. Рейд дIахьош Литуван, Латвин, Полшин низамхоша иштта сацийна 84 вьетнамхо а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG