ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши бIостаналла


ХIинцца, дукха хан йоццуш, дегI хьулдинчу зударшна Францехь хIордан йистош хьарамъеш гIевттина бара цхьайолчу гIалийн а, департаментийн а куьйгалхой. Ткъа тахана оцу хиламан бIостаналла ю Парижехь толамца шен меттиг дIалоцуш.

Ма-дарра аьлча, дегIаца тилор-тай а доцуш лелачарна маршо яла арадаьлла Париж-гIалин Iедал.

"Натурализм" бохучу хиламан агIончашна Парижехь хIинца шайнна меттиг билгалйоккхур ю аьлла.

BFM-телевизионо довзийтира цу гIалин хьаькаман гIоьнчин Брюно Жульяран дешнаш. Ша чIогIа реза ву боху цо цу сацамна, иштта гIалин мэр а, цундела шаьш и гIуллакх чекхдаккха гIерташ ду. Цхьанна а шок ян арадевлла а дац шаьш, я Парижан бахархошна а, я хьешашна а, цундела натуралисташна уггаре дикачех меттиг, я парк, я цхьа беш билгалъяккха гIерта шаьш, боху цо.

Мюнхенехь а, Берлинехь а, Барселонехь а иштта меттигаш хиларна тIе а тевжаш юьйцу шайн позици оцу хиламан агIончаша.

"Баьццарчеран" экологин партино иштта меттиг хиларан дикалла - туристаш оьхург хиларехь ю боху.

Хууш ма хиллара, 40 гергга евро гIуда а, хийисте бахка бехкам а тIедойжийнера буркини юьйхина болчу зударшна Францин къилбехьарчу иттанаш гIаланашкахь. Амма Iедалан цхьайолчу структураша йинчу дуьхьалонаша, жим-жимма доккхуш, юхадоккхуш ду и зударийн бакъонаш хьоьшу хьал.

Карарчу хенахь тIехь духар доцучунна 15 000 евро гIуда а, набахтехь яккха хан а тухуш таIзар до Францехь.

Тахана хIоьттинчу суьртехь, и таIзар ишттачарна кхин ца хила мегаш ду, шайна билгалъяьккхинчу меттехь уьш хилчхьана.

XS
SM
MD
LG