ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьно даре ца до, Шемарчу Iедалца зIе а латтош, ша шен кеманашца аьтто бо Асадан Iедална тIомбан, аьлла, Iамеркан Штаташа даржийначу дIахьедарна. Пачхьалкхан департамента официалан векало Кирби Джона кхаарийдийнахь хаамбира, Вашингтон Оьрсийчоьнца ша бина барт бохо дагахь ю, нагахь санна цо Алеппо гIалина кеманашца тIелетар ца дитахь, аьлла.

Оьрсийчоьнна пайде дара Шемахь тIом сацор, ца сацабахь, экстремисташ сахьт дац шен Оьрсийчуьрчу гIаланашкахь террор йоло а, бохура Кирбис. Цунна жоп делла еарийдийнахь Путинан пресс-секретара Песковс – Шемарчу террорхошна дуьхьал тIом сацор болуш бац, аьлла. Москох кхидIа а дуьхьал яц Вашингтонца юкъахь болхбан, Шемара кризис ерзорехьа къахьега, боху Песковс. Кирбин къамел эмоцеша айдина ду, иза терроран меха дуьллу Оьрсийчоьно элира хьалхо Кремлан дипломатин лидеран гIовсо Рябков Сергейс.

Алеппохь тIом 7 денна сацо йиш яц, Вашингтоно дехахь а, сацабахь тIемалойн аьтто бер бу шайн ницкъахь вовшахтоха, бохура Рябовс. Кремло 48 сахьт тоаме лору тIеман паузанна, гуманитаран кир Алеппо дIакхачо, аьлла Рябовс.

XS
SM
MD
LG