ТIекхочийла долу линкаш

Кху деношкахь юха а доллу дуьне цецдоккхуш дуьйцу «Финанс» журнало хIоттийначу рейтингехь уггар бехаш болчу бизнесхойн могIарерчу «Альянс» мехкадаьттан компанин президентан Бажаев Мусан йоI бизнесхочун Мамакаев Алиханан кIанте 20 миллион сом делла гIабали йоьхна маре яхарца, оллаллин Монакохь церан хIоьттина той а цхьаьна емалдеш.

«Дахаран Генаш» рогIера программа юьллу шун кхеле.

Социалан машанашкахь а, цIе яьккхинчу хаамийн гIирсашкахь а хIинц-хIинцца дуьйцучуьра тийнера гIалгIайн хьоладас Гуцериев Микаила шен цхьаъ бн воцчу кIентан ловзар дерзорах.

Нускалан кучах 25 миллион сом деллий, Малхбузера артисташ кхойкхург 3 миллион евро ахча даьллий, доллу ловзарх 76 миллиард сом даьллий,цул а, гIоле дацара, шен махкарчу мискачу нехан хьашташна доьхкинехь, бохуш,кеп-кепара бехкаш дохуш.

Кху деношкахь юха а доллу дуьне цецдоккхуш дуьйцу «Финанс» журнало хIоттийначу рейтингехь уггар бехаш болчу бизнесхойн могIарерчу «Альянс» мехкадаьттан компанин президентан Бажаев Мусан йоI бизнесхочун Мамакаев Алиханан кIанте 20 миллион сом делла гIабали йоьхна маре яхарца, оллаллин Монакохь церан хIоьттина той а цхьаьна емалдеш.

Юха а кар-кара оьцуш дуьйцу социалан машанехь… Чохь Iен хIусамаш йоцуш дуккха а нах бу Нохчийчохь бехаш, тахана хIара яийча доьзална, кхана хIун дер те а бохуш, дукха бу иштта цомгуш, амма ницкъ ца тоьаш молха-дарбане кхача…

Дика ду адамашлахь ишта къинхетамалла хилар, цхьана агIор.

Вукху агIор диллича, палс мел бу хеца ког, дайша ма аллара, хIораммо а шайн таронашка хьовсий дерзадокх дика а, вуон а.

Вай тахана тергоне эцнарг кхи ду…зуда ялорехь, ерзорехь европахойн гIиллакхашка вайн къам дерзарх.

Тоххара, масарна а дага а догIуш, зуда ялийна жимстаг шен дех-ненах, луларчу баккхийчарех лечкъий, царна дуьхьал ца хIуттуш кIиранашкахь Iара. Иштта йоьIан а дара шена тIехь цхьацца мехал ламасташ нехан цIентIе яхарехь.

Оцу беркатечу гIиллакхийн тоьшаллаш далийра тхуна махкарчу бахархоша. Соьлж-ГIалахь юрист ву Майрбек. Тоххара къеначо а, хьоладас а ловзарш дIадахьаран барам мухха хиллехь а, ца хьоьшура боху цо дайн гIиллакхийн некъаш.

Iусман: «Тоххара зуда ялочу хенахь вайн нохчийн Iадаташца, гIиллакхашца чекхдолура, хIинца санна еза ялош яцахь а, гIийла, миска велахь а, гIиллакхаш лардора хьалха.

Зуда яло де тIекхачале дуьйнна, и ялош волу кIант лечкъаш дара шен дех, ненах, воккхачу вешех. Зуда ялийначул тIаьхьа цхьа хан яллац гучу ца волуш, лечкъаш лелара. Цул тIаьхьа дена-нанна и доьзалхо гучувоккхуш шатайпа ламаст дара…»

Веданан лаьмнашкарчу МахкатIерачу яхархочо-пенсхочо Зулпаа а дийцира тоххара мел экама лардора шайлахь нохчалла, иштта дагахьбалламца хIоттийра тахана лела доьлла, шена товш доцу сурташ а.

Зулпаъ: «Хан йиллинчул тIаьхьа, йоI оцу нехан долахь санна лоруш яра тоххара. Кхечуьнга дIа хьажа а, ирахьIен яха а бакъо яцара цуьнан. Дех, вешех лечкъара хан йиллинчул тIаьхьа. КIант а лечкъара. Хаза а дара.

Несо ара а йоккхий, къайлах бартбой, дIайохуьйтура йоI маре, нус яцахь, йишас. ХIинца маьттаза даьлла! Ши бутт хьалха, чохь болчарна-м хIунда дуьйцура, йоллу юьртана хууш хуьлу. Бутт хьалха гIабалеш кхоьхьуш, бедарш оьцуш, «маре йоьдуш ю» бохуш, и дуьнене а доккхий, оцу телефонашчухула «хаза юй сан коч» бохуш, дIаса суьрташ кхоьхьуьйту.

УьйтIа машенаш хIиттайой, боллу замой керта а хьийзаш, деца-ненаца гIиллакх ца лоьруш…и кеп ледара хета суна чIогIа».

И дерриг цатовш, шен дагчохь хуьйдуш Iачу Зулпаа дагадаийтира, дуьххьара доьзалхо дуьненчу ваьлча, дайн Iадаташкара къоначу дас-нанас лардинчу ламастех а.

И дерриг а шо шаре довш, модера долуш делахь а, жимма дегайовхо ю цуьнан, суьпаллехь къам чIагIлуш хиларан.

Зулпаъ: «Бусулбалла дIа ца дайна вайн къомера. Марха а кхобу, ламаз до, ХьаьжцIа а боьлху, амма гIиллакхаш дIадевлла. Бераша а, кегийчара а Далла Iамал йо, динца чIагIбелла, делахь а малбелла гIиллакхаца. И хIун ду ца хаьа суна! Вай бехке дуй те аьлла хета суна цунна».

Ас йовзийтина ойланаш, шуна ма гарра, могIарерчу нехан яра.

Хаа лиира, хIун боху те довш лаьттачу ламастех тIекхуьучу тIаьхьенна къоман мотт, оьзда гIиллакхаш лардар хаздеш, цу тIехь саццаза къахьоьгучу наха.

Иштта гIайгIане шен ойланаш йовзийтира Нохчийчохь гоьваьллачу этнографа Хасиев Сайд-Мохьмада.

Хасиев: «Вайна юккъера эхь-бехк дIадалар ду кх и! Оьрсийн ду ламаст цхьане дIа а боьлхий, нускал схьа а даладой, ЗАГСе а боьлхуш, цхьана стоьлан гонах дерзош.

Изза ду кх вайга кхаьчнарг а тахана. Вайн юкъаметтигаш йохоррий, деца-ненаца долу иман дIадакхарррий ду иза. Мел а, цхьа Iесалла хета суна иза. Къонах дена-нанна хьалха гучувуьйлуш, цхьаьна суьрташ дохуш, цхьа светски пачхьалкх хуьлуш лаьтта кх кхунах».

Хьал, соьца къамел динчу Хасиев Сайд-Мохьмада ма бохху, ши ког дIа хецна, воьлхучохь делахь а, нохчийн олигархо Бажаев Мусас шайн ловзаргахь йинчу харжан гонах дийцарш марсадевлла.

Хьарам шаьш даьккхинчу ахчанах тамаш байта санна, стенна лелайо и кепаш, боху цхьаболчара.

Дуьнено тамаш а бийр бара, нахера баркалла а, Делера ял а хир яра, нагахь санна БажаевгIеран йоьIан гIабалех деллачу 20 миллионах мисканаш бузийнехь боху вукху декъо.

Вовшашца йохье а буьйлуш, къовсам бу хьоладайшна юкъахь дIахьош, хьенан гIабалин юх еха ю, хьенан шуьнехь хьеший алсам бара, боху кхолгIачара.

Амма ца хеза дуьйцучарлахь довш лаьттачу гIиллакхашна орца доьхучийн аз.

Нийса хета те, нускалца цхьаьна зудаялийначо суьрташ дохуш, уьш социалан машанашкахь шайн агIонаштIехь даржор?

Дех-ненах ца къехкаш, той доьдучу юкъанна хIусаман баьрччехь кIант хиина Iер а?

Доьзал кхоллабалар къоман Iадаташа ма хьоьхху ца хилча, хирий те церан тIаьхье а дуьненан боларца йогIуш а, къоман кхане кхио торуш а?

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG