ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровна къен яц аьлла хета Нохчийчоь


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана къобалдина пачхьалкхехь яккхинчу сана тIера ял къечу регионашкахула дIасаекъа еза аьлла, финансийн министралло хьахор, хаамбо RNS агенталло.

Хьалхо баржийра хаам, Оьрсийчоьнан финансийн министралло 2017-чу шарахь дуьйна ехаш йолчу регионийн сана тIера схьаоьцу 1 процент ял къечу регионашкахула йоькъур ю, аьлла.

«Дика ойла ю. Къечарна гIодан деза. Тхан Iедал а ду къечарна таро йолучара гIодеш», аьлла Кадыровс, ша Нохчийчоь къен ца лорийла а хоуьйтуш, Сочехь йоьдучу кхаадийнан инвестицийн форумехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG