ТIекхочийла долу линкаш

Iамеркан Штаташ реза яц Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело гIирмарчу гIезалойн къоман Мажлис дIакъовлар тIечIагIдарна. Оьрсийчоьно и юкъаралла «экстремизмалле» лара бух а бац, гIезалошца лелаен йоккха харцо а ю, боху Вашингтоно.

Оцу хьокъехь сацам арахецначу Пачхьалкхан департаменто билгалдоккху, ГIирмехь гIезалойн лидерш идош, хIусамашка полици лелаш, маьждигаш дIакъовлуш хилар.

«Оха сихха и харцо сацоре кхойкху Оьрсийчоь» - боху сацамо. Оьрсийчоьнна дуьхьал цо ГIирмина аннекси ярца йоьзна лела финансийн санкцеш Украинана ГIирма юхаерззолц латтар ю, аьлла сацехь.

XS
SM
MD
LG