ТIекхочийла долу линкаш

...Тоьпаш тоха, хIуьшт, салам Iалайкум, дуй хьуна!


Наркоманаш а, церан гергарнаш а стадионе гулбира Кадыровс, Мар2016

Наркоманаш а, церан гергарнаш а стадионе гулбира Кадыровс, Мар2016

Дирзинчу кIиранах, шинарийдийнан 19 сахьт даьлча, шен эфирехь «Грозный» телеканало гайтинера наркоманаш байъа, аьлла, низамхошна Кадыров Рамзана омра луш. Амма дIахадийра кхеташонехь динчу къамелан и дакъа цул тIаьхьа 22 сахьт даьлча лучу керланашкара.

Къепе латточу урхаллашкарчу белхахошца а, Iеламчашца а дIаяьхьначу оцу кхеташонехь гIаттийнера некъаш тIехь баларш дукха хиларо а, маларш дохка дихкинчул тIаьхьа наркоманаш баржаро а айбина кхобу гIайгIа.

Оцу эфирехь Кадыровс маларх кхетта, я нароктик оьзна, тоьхна машенлелорхо дIатарво, гIодаюккъах оьккху молха а дихкина, зуламна араваьллачу мостагIчух.

Наркотиках а кхетта, машенлелолочара, бохучу некъан хьовзамийн статистика ялийра хIетахь Кадыровс. Лахлуш дац и тайпа зуламаш, цаьрца мел луьра тIом латтийча а. Стохка аьхка иштачаьргара машен лело бакъо дIаяккха, буьйр дира мехкан администраторо, тIахьо магийра цаьргара машенаш дIаяха а.

Эзарнашкара ехира машенаш. ТIаьхьо биссо болийра машенашкара газах, серлонах, хих ахча дIа ца делла нах а.

Некъан хьовзамех дерг аьлча, лах ца делла машенаша нах хIаллакбар. Ца доьжна наркоманаша дечу зуламийн терахь а. Масала, дукха хан йоццуш дIаяьхьначу рейдан цхьана дийнахь полисхоша лийцира эзар стаге гIоьртташ наркоманаш.

Кадыровс и ирча хьал дуьйцуш, кхехкаваьллачохь, элира: «К чертовой матери, тоьпаш тоха Нохчийчохь паргIато талхочунна. Низам, ца низам – лера хьашт а дац. Тоьпаш тоха! Кхийтин шу? Ассаламу Iалайкум – хIуьшт! Чекхдели! Иза ду низам!».

Амма «Грозный» телеканало цкъа бен ца гайтира и къамел, дIахадийра шен рогIерчу эфирехь. Делахь а, тIаьхьа дара: интернетехула яьлла лела хIинца а аудиоца дIаязйина эфир.

Нохчийчуьра эфирех, зорбанах жоп лурш, я кхиболу хьаькамаш кхетта делахь а, мухха а делахь а, сарахь телегойтийлехь хилла къамел буса гойтуш, дIахадийна. Оцо гойту милла а велахь а, Кадыровс дуьйцург низамехь дацар а кхетош, цуьнан къамел эфирах дIахадо сихвелла. Амма хууш ду, «паччахь» шех олучу стага багах даьккхинарг сихха махкахь цуьнан ницкъаша, низамехь дарий, дацарий ца лоьруш, дина карош дуйла.

Хьалхо стадионехь, масситта бIе наркоман лаьцна валийна чохь а волуш, церан гергарнаш а, Iедал а, Iеламнах а гулбина, нехан яххьаш а яьхна, уьш белха а бина, дIахьедира Кадыровс, наркоманаш махкахбохур бу аьлла.

Дац Оьрсийчоьнан конституцино, бехктакхаман низамаша стаг Iедалан цIарх я вен магош а, я нехан цIенош даго пурба кхачош а.

Ткъа бу вуно дукха меттигаш «муьлш бу ца хьаьа» олучу ницкъаша цIенош дагийна, бахархой даймахкара лаьхкина меттигаш.

Оцу хьокъехь шо хьалха Путина шен «халкъаца вистхилар» олу шоу дIахьош, цуьнга хаьттира журналисташа, стенна мега Кадыров Рамзанна нехан цIенош дагон. Путина, Нохчийчоьнан администраторх, иза тIамо дог чахчийна стаг ву, кхин бехке а вац, ша луьстур-м ду, аьлла делира жоп.

И къамел Путина дина ши де а далале рогIерчу нехан цIенош дагийра Нохчийчохь, амма цкъа а, цхьанненна а ца хезна Путина Кадыровга оцу хьокъехь жоп дехна, аьлла.

Кадыровс наркоманаш хIаллакбе аьлла динчу омрин мах хадор доьхуш, довзийтина Соьлж-ГIалахь кху деношкарчу кхеташонехь хилларг «Новая Газетано». Цо доьху Оьрсийчоьнан президенте Путине а, Инарла прокуроре Чайкига а, Чоьхьарчу гIуллакхийн министре Колокольцевга а, Талламан комитетан гIантдега Бастрыкине а Кадыровс нах байа аьлла динчу къамелан мах хадор.

Амма бац, хIинццалц Кадыровн и санначу дIахьедарийн а, царел тIаьхьа нахана хиллачу хьовзамийн а лорах бина я таллам а, я лакхарчу хьукматаша арахецна сацам а. Дац Кадыровс хIинца динчу омрин мах я цхьаммо а хадор бу ала а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG