ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

8 эзар тонн кхачанан сурсаташ хIаллакдина Оьрсийчохь


Стохка Марсхьокху-баттах дуьйна, Евробертана а, Iамеркина а дуьхьал эмбарго а кхайкхийна, шайн махка дан дихкина 8 зар тонн кхачанан сурсаташ хIаллакдина Оьрсийчохь. Россельхознадзоро бинчу хаамца, дукхах долу хIаллакдина сурсаташ ду стоьмех а, хасстоьмех а дина.

Оьрсийчохь хIаллакдинчу жижигах а, шуьрех динчу сурсатийн терахь ду 250 тонн.

Кхачанан эмбарго кхайкхийра Оьрсийчоьно 2014-чу шарахь, дийцарехь, шайна дуьхьал кхайкхийначу санкцешна жоп луш. Оьрсийчу дан дихкина, ша аьлча, жижиг а, цуьнах бина кхача а, шура а, чIара а, стоьмаш а, хасстоьмаш а.

Санкцеш хьакхалуш долу сурсаташ хIаллакде аьлла указ арахийцира Оьрсийчоьнан президенто 2015-чу шарахь Марсхьокху-беттан 6-чу дийнахь. Схьадаьхна сурсаташ дагадо, тракторшца а, булдозаршца а хIаллакдо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG