ТIекхочийла долу линкаш

Элдиева Марет

СовгIат

« …ТIеийзо мегар дац… ХIинца шортта дика молханаш ду… дарба хир ду хьуна…». Аз геннара хезаш санна, халла лере кхечира. Бага хи эцча санна, йист ца хилалуш йиснера СовгIат. Иза, хIаваъ чуузуш, садаккха гIоьртира, бIаьргаш хьалха Iаьржа бода беара.. цхьана мIаьргонна юха а серладелира дуьне, тIаккха юха а бода беара… бодано цкъа хьалха меллаша шена тIеозийра СовгIат, хуьлучух и кхеттаялале, дIакхаьллира… Кхано, меттаеъча, гонаха хьийзаш лоьраш а гина, цара ден къамелаш а хезна, хилларг дагадеара…

Дарбан цIийна кертара араяьлча, ехха лийлира, гуобохуш, цхьа хIума яйча санна. Карзахдаьлла са меттадало хIума ца карош, ойланаша бIарзйина, дезачу боларца лелара и, хиллачух кхета гIерташ. Амма … Ца кхетара, кхета ца лаьара ша цамгаран гуро лаьцна бохучух. Дагадеара лоьро дина хаттар: « Халахетар-м ца хиллера хьуна?».

Муха дуьйцур дара халахеттарш, мел дукха хиллехь а уьш? Жима йолуш дуьйна нанас собаре хила Iамийнера, тIехIоьттинарг лан деза баьхнера, гIиллакхан дозанаш лардан гIертара. Наггахь-м, СовгIат шеца тIехваьлла цхьаъ гIиллакхах воьхча, халахетий, холчахIуттура : « Со гIиллакхана охьатаьIча, гIелонна охьатаьIна моьтти-кх цунна», – олий. ТIаккха ша-шена синхьаам лохура: «Лайн амал йолуш хилла», – олий. Кхин хуьлийла а ма дацара ; гIиллакхана дуьхьала жIаьлин «гIалх» далош верг лайн амалехь бен.

Тахана ма дукха дагаоьхура-кх уьш: хилларш, лайнарш, зиэделларш, лезнарш, хIинца а лозурш. Юьхьа тIехула охьауьдура бIаьрхиш. СовгIата уьш дIа а ца дохура. ТIех мел долу адам, цецдолий, хьожура . Цхьа а вист ца хуьлуьра. Къора а, бIаьрзе а йолуш санна, ша-шена йоьлхуш, шега ладоьгIуш лелара СовгIат, ойланца шен ша-доллу дахар луьстуш.

Цкъа мацах… Юьртарчу шовданан йистехь кузаш дуьттуш мехкарий а, къона зударий а бара. Цхьацца бехказло лохуш, цхьацца-шишша вогIуш, кегий нах гулбелира хийистехь. СовгIат а еанера шен денвешин зудчуьнца БаI-нанин куз битта. БаI – нана лулахь ехаш йоккха стаг яра, цуьнан цIийнада а, я доьзал а бацара. Лулахоша а, юьртахоша а дуора цуьнан дан деза гIуллакхаш. БаI цуьнан цIе яц олура баккхийчара. Къамелаца Iоттар атта еш йолу дела, аьлла дара цуьнах БаI. Кегийчу наха цхьацца юкъара забарш а еш, куз юьстахбаккха безча мехкаршна гIо а деш, хаза самукъадаьллера кегийрхойн. СовгIатан пхийтта шо дара. Ша куз биттина яьлча, СовгIат, доьзалхочух йолчу Сабилина тIеяхара…

Кхано, хIара дечунна гIо дина а, жимахалла лелийна а яллалца хьоьжуш Iаш хиллачу денвешин зудчуьнца СовгIат цIа яха яьлча, цхьана жимачу стага, дуьхьал а ваьлла, массарна а гуш, «СовгIатна совгIат де ас», – олуш, бай тIера даьхначу зезагийн курс кховдийра. ЙоI, эхь а хетта, цIийелира. Цхьаболчу мехкарийн беларш дара хезаш.

«Хьажахьа, со жима хеташ, кхо лелориг… вуьйш а … кхаьрдаш»,– аьлла, дагатесира. Сихха метта а еана, элира: «Мича мегар дара, ахь оццул къахьоьгуш даьхна уьш схьаэца?! Хьайна дIахьо ахь, тхан юьртан безамна.» «ДIаэца. Хьайн чIабанах дуцур ду ахь хIорш… вуьшта хаза яц хьан и». ЙоI кхин а чIогIа цIийелира. ОьгIазе марха еара юьхь тIе, кIант ша аьшнаш ян гIерташ хетта: «Ахь когаш кIелара даьхначу зезагаша хазйийр йолчух тера ду-кх и», – аьлла, тIехъяьлла, дIаяхара.

Зезагаш денвешин зудчо схьаийцира… ХIетахь СовгIатана ца хаьара, иза шен уггар дагна хьомечу дагалецамийн цхьа мIаьрго хир юйла. И жима стаг хийлазза хийисте вогIура, СовгIат хи дан а йоьдура, наггахь и варе сатосий, беша хи дIа а дуттий, масуьйттазза а йоьдура. ТIаьхьало йолуш хIума ца хилира цунах… ца хилийтира-кх вуочу наха, шиннен а дуккха а сакхташ карийра царна, и хила йиш йоцуш захало дуй а хиира, тIаккха и массарна а хаийта гIерташ, къа а хьийгира…. Ма чIогIа боккха бохам бара хIетахь и йоьIан жимачу дагна! ЭхI! Маржа яI! Хууш хиллехь хIетахь… хьекъал кхаьчнехь… шен ирс довза.

«Хьажахьа, хIун дагадеана… эхь ду-кх и… ванах, уггар хьалха и дагадар…», – бохуш, ша-шех бехкаш даха юьйлира СовгIат. «Мел лаарх а кхочуш ца хилла язделларг…», – аьлла, ойла хьаьдира коьрте… ца хилча санна, дIаяйра. Дукха хан ма яьлла хIетахь дуьйна. СовгIат доьзалш а, доьзалийн доьзалш а болуш ю. Масане дара дагалаца хIума, товш доцург ца лаьцча а. Цхьа дагалецам дIабовш, цуьнан меттиг кхечо дIалоцуш, адамаш кIезиг лела меттигаш лоьхуш, луьста бIаьрхиш Iенош, шен дахарехь ша мел бина дегабаамаш дагаоьхуш, дIасалелара СовгIат.

КIентан Iаламан цхьайтта бутт бара. Дехачу дийнахь, шена мера кIелахь цхьа «бу-бу» деш текхаш, лелара иза, массо а хIума леррина толлуш. Ишкапан неI йоьллуш ч1огIа хазахетара цунна: неI схьайиллина, цунах тасавелла ира а хIоьттина, шадоллу дуьне шен долуш санна, дений, нанний воьлуш лаьттара жима Iалам. Чуеара денйиша.

ЙогIуш лаьтташехь, СовгIатна тIечевхаш, мохь хьаькхира: «Ишкап мила веллачунна йохош ю?», тIаккха, тIехьаьдда, Iалам цхьа дера пхьарс лаьцна, схьакхоьссира, иза охьавуьйжира, лазийна велха а воьлхуш. КIант схьаэца дагахь тIейолаелла СовгIат, цIийнаден резавоцуш хьажар а хааделла, юхаелира. Денйиша-м юха ца елира. КIант воьжначуьра хьала а айина, тIара туьйхира цунна, тIаккха кхин цкъа а… юха кхин а… Iаламан мерачухула цIийн тIадамаш а Iена девлира. СовгIате инзаре мохь белира… кIантана тIекхача дагахь цхьа ког баьккхира… тIаккха йоккхачу гIовгIанца охьакхийтира…

Баттахь цомгаш лелийра хIетахь СовгIат, цамгар ца къаьста бохуш. Цамгар-м ян а ма яцара – дог лозур -кх, къинтIера ца долуш , Iаламна бина ницкъ ца лалуш, цу къизаллах ца кхеташ. ХIинца а и дагадеъча, бIаьрхиш ца совцу.

«Iаламе тилпон тоха еза ас», – аьлла, дагатесира. «Нана, ладугIуш ву.»… КIентан аз хезча, легашка шад хIоьттира, йист ца хилалуш . «Нана яла хьан! Сох лен цамгар кхетта, ма боху. Вайшиъ ганза ши шо кхочуш ма доллу, цIаволахьа», – ала лиира, амма цуьнан меттана «Мерах цIий-м ца деъна хьуна», – делира багара. Лере кхечира кIентан цецвалар: «ХIу-у-у-у?». «Аса-м… хьо жима волуш… сих-сиха мерах цIий долуш хилла дела..». «Нана , со сиха ву. Со волчохь хьеший бу. Ас кхано дIатухур ю хьуна».

Тилпон а карахь, ойлане елира юха а… Тахана ойланийн де дара…

Iалам а, Салам а, Сулим а цхьабосса жима вара. СовгIат гIеллора, царна тIаьхьа лелий. Мел чIогIа гIеллахь а, ша чIогIа ирсе хетара. Кхо кIант даима ларван везаш вара; тийсалуш, къийсалуш, воьлхуш, воьлуш… цара ца лелош хIун дара. Iаламан пхоьалгIа шо дара… Юьртахь берийн беш а яцара, кIант ишколе вахийта кечван везара… ца кхиира.

Цхьана дийнахь, цецъяьлла, ши бIаьрг а къарзийна, лулара Зубидат еара: « Ва-да-дай! ХIун хилла доллу-те? Iедал доьхна ма боху. Дехьа эвла йистера Iимрана, хIума хуучу наха хьалххе дийцина дара боху, хIара Iедал дохарх лаьцна.». СовгIатан догдаьттIера: « ДIаялахьа, меллачуьра васталуш а воцучу Iимранна хIун хаьа, хIума хуучара хIун дийцина…». « И-и- й!- аьлла, мохь белира Зубидате,- ма аьллахь… цуьнан пхоьалгIа да дешна бусулбан стаг хила ма хилла… Iимрана къаьркъа а ма дитина… стомара».

СовгIатана ма ца хаьара дуьне духуш дуйла. Шен жимачу Даймахкахь тIом бала кечбеллийла. ХIетахь цунна ма ца хаьара, Iалам кестта деша гIур воций. Цунна ма ца хаьара, дуьххьарлера классе шен Iалам четаран ишколе, ГIалгIайн махкахь гIур вуйла… ТIеман цIаро багочу Даймахкахь висина шен да нохчийн зудчо орца доьхуш , цунна оьрсийн салташа ша тIе ца кхачийтича , дог иккхина лийр вуйла… Иза вехха лайн бухахь Iуьллур вуйла… СовгIатана ма ца хаьара, кхин а дуккха къизаллаш хир юйла…

СовгIатана уллехь сецна цхьана жимачу йоIа хаьттира: «Деца, хьо хIунда йоьлху? Хьо мамас хьайна дов дарна кхоьру? Ма елха, дийр дац хьуна, Дала мукълахь». «Вай, ма эхь ду… цкъа а ца яла кхоьллина хилча санна» – хилира ойла… Ойла ойланах тийсалуш, уьш юцалуш, цара ца хоьцуш … ког когах тийсалуш санна, лелара СовгIат... Салам, хенал хьалха кхиа гIерташ, къахьоьгуш вара.

Да а, воккхахволу ваша а воллушехь чохь, цо маж-мекх ца доккхура, хьалхе зуда яло а аравелира. Цо яло къастийнарг ткъе ялх шо долу, шозза нехан цIар тIехь хилла йолу Мархьаматан йоI Пата яра. СовгIат реза яцара захалонна: цкъа-делахь, кIант жима вара (I7 шо бен дацара Саламан), шолгIа-делахь, Пата хьенан мила ю ца хаьара кхарна.

Юьртарачара йоI карахь а йолуш, вала да вац шен аьлла юьрта еача, тIеэцна ю олура Мархьамат. Ткъа дайша дитинчу кицанна тIетевжича, (ЙоIанна цу лаха, кIантана хIу лаха) хIу дуоло мах кхочуш ца хетара, делахь а Салам оьвхьазавала кийча вуйла хиъча, IадIийра.

Сихха нускал схьадалийра. Цуьнан тIекIел кхоъ бер хилира. Нус марзахошна хьехамаш бан елира, оьгIазъяхча, юкъ-кара цIе-хIума йоккхуш, марда а, марнана а човхадора… Дас юьстахваьккхира Салам, таро йоллучул бахам а белира, делахь а СовгIатана дихкира цаьрга яхар…

Сихха, юха а тилпон киснара схьа а яьккхина, Саламе дIатуьйхира… схьа ца ийцира… сахьаьвзира, лаа ца хиларна кхоьруш… кхин цкъа а туьйхира. «Нана! Мосазза баьхна хьоьга, со мукъа воцчохь хIара да велла йисарг ма етта?!» – кIентан оьгIазечу озо чIогIа дог лазийра. БIаьрхиш шаьш охьахьаьлхира… ЧIогIа лиира Акхтулига дагарадийца… Елхаран къуьрдашна юккъехула, дегочу озаца хаьттира: «Акхтула, тховса жимма хьалхе цIа ван хьожур вуй хьо»? «Хьожур ву-кх… хIума-м ца хилла? Йоьлхуш-м яц хьо?» – цIийнаден сихдина хеттарш совцо, - жимма могуш йоцуш хилла со … цIа веача, дуьйцур ду хьуна», – элира.

«Хьажахьа, цIе а яьккхи» – аьлла, дагатесира. ХIокхо цкъа а ца йоккхура цуьнан цIе. Юьхьанца марзхойх эхь-бехк лаьцна ларлора, хан яьлча, кхин яккха Iама а ца гIиртира. ЧIогIа оьзда дехира хIара шиъ. Мел чIогIа шена гIело хиларх, цкъа а Акхтулин дош дохийна а, я доьзале, уьш кегий болуш, дохадайтина а яцара СовгIат. Шена хетарг, луург дицдина, Акхтулина ма луъу яьхна яра. Тахна-м цхьаъ лууш яра хIара. Ша а ца кхетара, ша хIун лууш ю. ДуьххьалдIа карзахдаьллачу синна массанхьа а орца даккха лаьар-кх.

«Акхтулига весет дан деза, – аьлла, хийтира, – халахетар ду цунна. IадIийр ю со».

Дагадеара, шен нана елча, ша лелийнарг… Массара а дина хьехарш схьалаьцна, елха ца елха гIерташ, садиттира… барма дIаоьцуш, яха ца луш, цхьана муьшца нанна тIаьхьаийзош санна, тIаьхьаихира… Тезет дIайирзича, юьйжира… хьовса баьхкинчаьрга дийцира: «Нанний-беранний юкъахь цIонгица Дала йина уьйра … ма тамашийна а ду… и цIонга нана елча бен хедаш ца хилла, схьахетарехь… и хаьдда, йоьжна ю-кх …».

Лоьран хеттарш дагадаьхкира. Халахетарш-м дагардина цаяллал ма хиллера… Сулима, вехначу салтичо «схьаэца хьайна» аьлла, охьайиллина Iожан кепехь ловзорг схьаэцна, и иккхина, чIогIа лазийнера, цунна алсам цIий оьшура… ХIетахь СовгIатан цIий оьшучулла доьттира Сулимина…

ХIинца воккха хилла…Цуьнга а туьйхира тилпон «Сулима, хьо мел Iийра ву? Кхана цIа ван йиш хир юй хьан?»… Сулимин цIа ван йиш яцара… СовгIатана дагадеара, и жима волуш, дей-буьйсий хийцаделла, хаддаза воьлхуш, ша цунна дихкина салаваташ а, эшарш лекхар а… кхуьнан аз хезча бен, воьлхучуьра ца соцура Сулима.

Де суьйренга дирзира. ДогIа доладелира. Кхуьнан бIаьрхиш санна, цхьаьнаэшшара, гIийла. СовгIат цIа кхочуш маьркIаж-ламазан хан хилира… Сихха ламаз а эцна, кораш дIадиллира. Цхьана мIаьргонна тийна лаьттира. ТIаккха ламаз дира… фарз дина яьлча, жимма дог лазош санна хийтира. ДогIанан татане ладоьгIуш, жимма садаьIира… ДоIа дира: «Веза-воккха Дела! Тахана сан йохарна гечделахь… хьайн къинхетамах ма яккхалахь… сан миска доьзалш Iалашбелахь… хьарам рицкъанах ларбелахь… сан хьомсарийн къиношна гечделахь…» - дехха кхидIа а дийхира… Суннат ламаз деш, суждане яхара…

ДогIа чехкаделира. Бодано меллаша шен тIома кIел лецира чоь а, суждане яхана СовгIат а.

Арубика ехха кхайкхира СовгIате. НеI схьаозийча, и йиллина а карийна, цIа чу елира. Чохь Iаьржа яра. НеIсагIера дIа пена тIе куьг хьаькхна, схьа а лехна, стогар латийра. СовгIат ламазан куза тIехь суждане яхана яра… тIаккха, хиллачух кхетта а ялале, Арубикига инзаре мохь белира… КетIа кхаьчна цIавогIучу Акхтулина и мохь хезира…

Тезетахь Акхтула чIогIа холчохь вара. Нахала ца вала гIерташ, халла садетташ, кадам схьаоьцуш Iийра. Дагаоьхура СовгIата тоьхна тилпон а, шен башха цIа кхача сиха цахилар а.

Кхано тIаьхьа, Iаламна чохь карийра больницера кехат. Кехат дешча, мохь тоьхна вилхира. Велхаран къуьрдаш а деш, дега дийцира, нанас шега тоьхначу тилпонах а, ша цунна деллачу жоьпах а. «Дада, цунна дагарадийца лууш ма хилла… цамгарх лаьцна дийца… ас.. ас.. ла ца дуьйгIира-кх…».

Цу буса Iалам вехха Iийра, наб ца кхеташ… ГIенахь нана гира… кIайчу йовлакхца кIентан мерах Iийдало цIий дIа а доккхуш, «нана яла хьан», – бохуш. «Нана… нана… суна ца хаьара, хьо цомгаш юйла…», – бохуш, воьлхура кIант. «Нана яла… хьан…» – олура нанас юх-юха а…Юха цхьа тамашийна генахь хийтира Iаламна шен нана. ТIеваха дагахь хилира… когашкахь гIора доцуш висира. «Ма велха… нана яла хьан… цIонга хаьдда вайшинна…»… Нана дIаяхара. Цуьнан карахь дисира йовлакх. Луо санна кIайчу йовлакх тIехь яра цIийн хьоькхнаш…

XS
SM
MD
LG