ТIекхочийла долу линкаш

Москох цхьадолчу дарбан цIийнашкахь цамгар толлуш, лоьраша хIотточу могашаллин кехата тIехь (анамнез) Оьрсийчуьрчу цхьаболчу бахархошна дуьхьал дискриминаци яккхар хааелла фейсбук лелочарна.

Дарбан цIийно хIоттадойтучу цамгарийн анамнезан кехата тIехь, лазаран бух охкуш, хIоттийначу хеттаршлахь ду ксенобин яржош дерг а.

«Эпидемиологин анамнез. ТIаьххьарчу эхашерачохь Кавказера, Юккъерчу Азера схьабевллачу а, хIусамйоцчу а нахаца хилла юкъаметтигаш» аьлла бу цомгушчо хIотто езачу анамнезера цхьа могIа.

XS
SM
MD
LG