ТIекхочийла долу линкаш

Шемахь Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш лелор сацийна Iамерко


Iамерко сацийна Шемара проблема хьокъехь Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш лелор. Пачхьалкхан департаментан векалша дийцарехь, Оьрсийчоьно кхочуш ца дина ГIадужу-баттахь барт беш машар латтош накъаосталла а дийр ду, гоне лаьцначу гIаланашка гуманитаран гIо дIакхачадойтуш гIо а дийр ду аьллаа Оьрсийчоьно шена тIелаьцна хилларг.

Iамерко цIакхайкхина Шемахь лелочунна координаци еш Оьрсийчоьнца цхьаьна кхоллинчу центрехь болх беш хилла шен говзанчаш.

ГIадужу-бутт юккъе болуш Iамерко, а, Оьрсийчоьно а барт бинера тIом бечу ницкъашка вовшен герз деттар сацадойтуш. Амма и барт дукха гена ца бахара.

XS
SM
MD
LG