ТIекхочийла долу линкаш

Керри: Шемахь машар бан лууш яц Оьрсийчоь а, Асад Башаран режим а


Белги -- Iамеркин Пачхьалкхан секретаро Керри Джона къамел дина Брюсселехь "The German Marshall Fund" олучу фондехь, ГIад.4, 2016

Белги -- Iамеркин Пачхьалкхан секретаро Керри Джона къамел дина Брюсселехь "The German Marshall Fund" олучу фондехь, ГIад.4, 2016

Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Евробертан а трансатлантикан накъосталла хьалха ма хиллара мехала ду глобалан кхерамазалла а, дуьне кхуьуш а хилийтарехь. Цунах лаьцна дIахьедар дина Iамеркин Пачхьалкхан секретаро Керри Джона Брюсселехь.

Керрис билгалдаьккхира НАТО мехала хилар Европехь машар латтош. Цо кхайкхам бира Оьрсийчоьнан бахархошка, Оьрсийчоьнан куьйгалхоша а, цхьаболчу бахархоша а дIахьедарш дахь а, НАТО тIелатаран цхьаьнакхетар а яц, Оьрсийчоь гIелъян а, иза йохон а Iалашо йолуш а яц аьлла.

Оьрсийчоьнна дуьхьал кхайкхийна санкцеш хьахош, Керрис элира уьш машар хилийта а, Донбассехь а, ГIирмехь а Украинин йолу бакъонаш юхаметтахIиттон а гIирс бу аьлла.

Керрис дийцарехь, Iамеркин администраци хьалха санна дийцаршца дIаерзо гIерташ ю Шемара конфликт. Цо дийцарехь, Оьрсийчоь а, Асад Башаран режим а машар бан лууш яц, оппозицина тIехь толам баккха гIерташ ю.

XS
SM
MD
LG