ТIекхочийла долу линкаш

Исаева Iайнаъ..

Таханалерачу нохчийн музыка културехь напха доккхурш бу, аганара дуьйнна шена гучудаьллачу похIмано ца витина веанарг а ву.

Бу царлахь кIезиг шатайпа, цхьаннех а тарбала а ца гIерташ, кIорггера похIма а долуш, дешнийн чулацам мукъамца цхьаьна а богIуш, ша шена некъ а боккхуш боьлхурш.

Исаева Iайнаъ ю цхьаъ оцу декъех. Меттара гIаттош санна нисделира Маршо Радион цуьнца къамел.

Кху деношкахь Соьлж-ГIалахь дIахьочу даздаршкахь дакъалаца кхайкхина яхана Нохчийчохь ю Исаева Iайнаъ.

Билгалдаккха лаьа, нохчашна кхъиза даьхкинчу луьрчу тIеман шерашкахь 5 шо долчу Iайнаъан дизира мохк дIа а тесна мухIажир яла.

Шайн доьзалца Оьрсийчуьрчу Ярославль гIалахь цхьана оьрсийн боккхачу доьзалехь ханна тховкIело а карийна хан яьккхира цара.

ХIетахь дуьххьара, йийначу кIенан аренашкахь ша мохь тоьхна эшарш лекхарх, гонахарчу бахархошлахь «и мила ю те?» боху цакхетаман хеттарш а дуьтуш, дийцира Маршо Радионна къоначу эшаршлакхархочо Исаева Iайнаа.

ТIом лагIбелча ша йинчу юьрта ГIойтIе юхайогIу Iайнаъ. Школе а йолало. Iайнаа дагалоьцу дуьххьара шен гоьялар.

2006-чу шарахь дуьненахь гоьяьлла оьрсийн операн артист Вишневская Галина еара Нохчийчу вевзаш волчу режиссерца Сокуров Александрца.

Церан коьрта Iалашо яра Нохчийчуьрчу тIамах лаьцна «Александра» кино яккхар. Оцу филмехь коьрта рол ловзош яра гIараяьлла артист Вишневская Галина.

Кино яккхарехь шен мукъа хан яьлча, Вишневская Галинин лаам хилира, махкарчу къона иллиалархойн корматалла зен.

Iайнаъа дийцира шен цу дийнахь къаж баларх а.

Исаева Iайнаа репертуар шуьйра ю. Цул совнаха, масех маттахь ю цо дIаолу эшарш.

Амма коьртаниг хIун ду аьлча, муьлххачу маттахь а и илли хиларх, Iайнаа цкъа а ца дицдо, ша схьаяьлла орамаш.

ЛадогIархошна моьтту хир ду Исаева Iайнаъ дIакхоьсичи а, цхьа 40 шо а долуш, гIеметтахIоьттина зуда ю, цуьнан къамеле ладоьгIча.

Ткъа кхуьна-м дац 23 шо бен а.

ХIинцца йолалуш ю цуьнан иллиалархочун оьмар.

Шен оцу новкъа иза яьллийла а, къар ца луш дIагIур юйла а кхета вай цуьнан къамелехь.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG