ТIекхочийла долу линкаш

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан рогIера инарла секретар ву хоржуш


Iамерка -- Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллин Кхеташо, Нбю-Йорк, 2016

Iамерка -- Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллин Кхеташо, Нбю-Йорк, 2016

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан рогIера инарла секретар хоржуш ву тахана цу организацин Кхерамазаллин Кхеташо. Иза хила мегаш ву Португалин премьер-министр хилла Гутерриш Антониу.

Гуттериш коьрта кандидат ву пхоьазза къайлаха кхаж тесначул тIаьхьа. Кин болчу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшатохараллан инарла секретар харжа мегачу кандидаташна юкъахь ю цхьа зуда – Болгарин цIарах Еврокомиссин декъашхо йолу Георгиева Кристалина.

Карарчу хенахь цун даржехь волчу Бан Ки Мунан шолгIа пхеъа шеран хан дIайоьрзуш ю 2016 шо чекхдолуш.

XS
SM
MD
LG