ТIекхочийла долу линкаш

Путинах лаьцна керла филм гайтина Германехь


Оьрсийчоьнан президент Путин Владимиро, 2016.

Оьрсийчоьнан президент Путин Владимиро, 2016.

"Путинан къайлаха машанаш, я Малхбузенан цхьаалла муха йохайо Оьрсийчоьно" ("Putins geheimes Netzwerk. Wie Russland den Westen spaltet") цIе йолу филм гайтина ГIадужу-беттан 4-чу дийнахь ZDF олучу немцойн юкъараллан телевизионехула.

"Радио Маршо" корреспонденто Векслер Юрийс дийцарехь, цу филмехь дуьйцуш ду Путинан режимо дIахьочу пропагандех лаьцна, масаллана Дугин Александра, Кисилев Дмитрийс я Якунин Владимира лелориг далош.

Цул сов, филмо гойтуш ю Германехь Путинах "кхеташ" болчу нехан жигаралла, Оьрсийчура а, Германера а (Германина альтернатива) ултрааьттоагIорхьара партийн уьйраш шоръялар.

Филман авторшна Бартц Йоахимана, Гинцел Арндтана, Штолл Ульрихана (Joachim Bartz, Arndt Ginzel und Ulrich Stoll) хетарехь, Оьрсийчоьно шен махкал арахьа йолчу фондашкахула гIортор йо Европехь демократин кеп йохо гIертачу ницкъашна, Оьрсийчоь масалла долу, ултрааьттоагIорхьара националистийн къепе йолу пачхьалкх кхоллийтархьамма.

XS
SM
MD
LG